Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

"Латтанаш лечкъораш Iорабохуш вара со"

0
Шена стенна йиттина дуьйцу Ставрополерчу журналисто Чаблин Антона

 КIиранан буса бевзаш боцу нах летта Ставрополехь журналистах Чаблин Антонах. Цо ша дийцира "Кавказ.Реалиига" хиллачух лаьцна.


 


- Кхерамаш тийсинерий хьуна хьалха, Антон?


– Кху ас болх бечу 20 шерачохь дуьххьара ду хIара. Кхелехула шен цIе цIанъян луург, ас арахецна артикл эладитане ю, олий, сан батт дIаюкъа гIоьрташ меттиг йогIура, амма кхерамаш ца туьйсура.


–​ Муха бара тIелеттарш, дийцахь.


– Арахь нислуш хуьлу ши Iуька яра. Хьекъало ницкъбина йоцу яххьаш, спортан кучамаш, коьртахь лабанаш, маьттаза мотт.


Ала дашна, иштанаш бу-кх Ставрополехь талораш дийраш. Стохка блогерх Варламов Ильях леттарш, масала.


–​ Лохуш буй хьох леттарш полицино?


– Ас арз яздина (Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалхочуьнга Олдак Александре). Иза принципаш йолуш стаг ву, шен тергоне оьцур ду цо гIуллакх, аьлла хета-кх.


Полицино бахарехь, тIелатар динчу меттехь дуккха а видеокамераш а, серло а ю. Цундела хала дац уьш схьалаха а, церан машенан ноьмарш йовза а.  Коьртаниг – хаа лаьа хьанна эшна суна еттийта.


–​ Хьайх стенна летта аьлла хета хьуна, хьо стенах лаьцна яздеш вара тIаьххьарчу хенахь?


– Ставрополехь цIенош деш лаьттан дакъош лечкъор толлуш вара со кху муьрехь.


Грушевскин куьпахь (археологин исбаьхьалла), Оьрсийн хьуьнхахь (федералан низамо Iалашъеш ю иза), Соборная урамехь дитташ хIаллакдарх лаьцна а яздинера дукха хан йоццуш. Хетарехь и агIо ю "царна" цатайнарг.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса