Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Белгехь теракт дина. Байина нах

0
Белгерчу Льеж гIалахь герзаш диттина виъ стаг вийна шинаридийнахь. Вийначух цхьаъ тIелатар динарг ву. Иштта вийна ши полисхо, кхи а шинна чевнаш йина. Цхьана полисхочуьнгара тапча схьа а яьккхина, царна тIе герз детта волавелла иза. Йоьдучу машенчуьра стагна а кхетта ларамза герз. Цул тIаьхьа школа чу а хьаьдда, чоьнаш цIанйириг закъалте лаьцна хилла цо. Кхийсаршкахь и стаг вийна, зуда кIелхьараяьккхина.


Льеж гIалин прокуроро теракт ду аьлла динарг. Цо бахарехь, уьрсаца зудчунна-полисхочунна тIехьаьдда, цуьнгара тапча яьккхина хилла зуламхочо. Белгин RTBF телеканало тIелатар динарг 36 шо долу Эрман Бенжамэн ву аьлла, дIакхайкхийна. КIезиг дина зулам бахьана долуш набахтехь хан текхна а хилла иза.


Полицино чIагIдо, тIаьххьарчу хенахь радикалан хьежамашца иза хилла хилар.


Белгин паччахь Филипп а, премьер Мишель Шарль а вахана Льеж гIала.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса