Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Иракъера бераш далош кема догIур ду кеста

0
Кеста Гергарчу Малхбалера кхин а кема догIур ду кегий бераш далош. Мел лахара а Оьрсийчуьра  25 бер хир ду кеман тIехь. "Иракъерчу Iедалхоша таIзар динчу зударийн доьзалхой бу уьш", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун векало Сабсаби Зияда. Дерриг а 94 бер ду даймахка цIадерзо лерина. Дукхаболчийн хIинца а кийча дац оьшу юридикан кехаташ. "Оцу берех 45 дозанал а арахьа дуьненчу даьлла ду, 38 Иракъехь, цхьаъ Шемахь, пхиъ Туркойчохь, цхьаъ Германехь. Уьш оцу пачхьалкхера арадаха вуно хала ду. Церан гергарчаьрга ДНК-тесташ ян еза бохуш, дехарш дан дезар ду тхан", - аьлла Сабсабис.


Оьрсийчу схьадалочу бершащлахь 10 процент гергга Нохчийчуьра бахархой бу. Доккхачу декъанна цаьрца ду ГIезалойчуьра а, Башкирера а, Къилбаседа Кавказера а бераш.


"Оцу берийн 49 нана набахтехь ю. 21-нна яккхий хенаш йиттина, иштта белла дIабовллалц чохь Iен безарш а бу. 28 зуда ю шайн кхолламе ладоьгIуш Iаш", - аьлла, тIетоьхна Кадыровн векало.


Берех уггар доккххдолчун 11 шо бен дац. Иракъан низамашца, кхо шо кхаччалц долу бераш бен ца дуьту набахтехь нанойн карахь.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса