Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Нохчийн йоI йийнарг психика галъяьлла ца карийна Австрерчу лоьрашна

0
Австрехь толлуш ду 7 шо долу нохчийн йоI Хадишт кIиза ер. Бехкениг ву 16 шо долу кхиазхо Роберт. ЧIирхоша верна кхоьруш карарчу хенахь иза къайлахчу меттигехь латтош ву меттигерчу полицино.


Адам дерна бехке веш волу кхиазхо коьртаца муха ву къастош бу лоьраш. Цкъачунна цуьнан могушалла теллинчу шина экспертана цхьана а цамгаран лар ца карийна цуьнгахь. 


ХIинцале а къастийна Роберт шизофреник ца хилар а, цунна цхьа а аьзнаш хезаш ца хилар а. Гуш ду цуьнан вуно чIогIа адамашка цабезам хилар, яздо Австрерчу Oe24 зорбанан гIирсо.  Делахь а таллам дIабоьдуш бу.


7 шо долу йоI цу кепара къиза ерна вуно халахетта ю ерриг а Австри. ХIинца а кхеташ дац зуламхочо иза хIунда дина.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса