Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хоржур ву Гезгмашин-беттан 9-хь

0
ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хоржур ву Юкъара кхаж тосучу дийнахь Гезгмашин-беттан 9-хь. Цу тайпа сацам бина ГIалгIайн Республикан парламенто.


Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, республикан Халкъан Гуламехь векалш болчу хIора партино уггаре дукха 3 кандидатура хьажор ю Оьрсийчоьнан президенте харжийта.  


Царах кхо стаг а къастийна, президенто кхоже юьллур ю церан кандидатураш республикерчу параментехь. Цул тIаьхьа 20 де далале депутаташ декхарелахь бу цу кхааннах республикан куьйгалхо харжа.


ГIалгIайчохь бахархоша республикан куьйгалхо харжар дIадаьккхина 2013-чу шарахь. Карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо ву Евкуров Юнус-Бек.


Дукха хан йоццуш, кхоазлагIчу ханна а ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь болх бан реза ву ша бохуш вара иза, нагахь шен кандидатура Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхататтахь. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса