Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Бусалба хIуманаш юхкучу туьканашкахь талламаш бина Соьлж-ГIалахь

0
Нохчийчоьнан прокуратуро Соьлж-ГIалан Ленинан кIоштахь талламаш бина бусулба сурсаташ духкучу туьканашкахь. Цунах лаьцна хаам бо Сhechnyatoday сайто. Прокурорашца рейде арабевлла хилла динца йоьзначу Iедалан урхаллан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой а.


Бусалба духар а, жайнаш а, кхин долу а сурсаташ духкучу туьканашкахь цу наха лоьхуш хилла экстремизман чулацам болу хIуманаш. Эшахь а аьлла, махбархой варе бина прокурораша, нагахь цу тайпаниг, къаьсттина Iедалша экстремизман ю аьлла лаьрра литература, карийна меттиг нислахь, бехкениг шаьш 15 денна чувуллур ву я цунна гIуда тухур ду аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса