Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Политикан тутмакхаш маьршабахар доьхуш митинг хилла Москох

0
"Репрессеш, ницкъбар доцчу Оьрсийчоьнехьа" цIе тиллина Москохарчу Сахаровн цIарахчу проспектехь кIирандийнахь Iедалан пурбанца митинг дIаяьхьира оппозиционераша а, бакъонашларъярхоша а. Интерфаксан корреспонденто дийцарехь, митинган декъашхоша резолюци тIеийцира, ницкъаллийн структурашка нахана тIехь Iазап латтор дитар а, политикан бух тIехь чохь латтош болу тутмакъаш маьрша бахар а тIе а дожош.


"Оха тIедожадо политикан тутмакхаш, мацалла кхайкхийна Сенцов Олег а, Титиев Аюб а, кхиберш а дIахецар, пачхьалкхана муьтIахь долчу хаамийн гIирсашка харцдерг а, пропаганда а даржор а дIалакъор", - аьлла, дIахьедора "Адамийн бакъонашкахьа" боламан хьалханчас Пономарев Левс. Цо иштта элира, пачхьалхкан Оьрсийчоьнан Де герга кхочуш хиларца шаьш митинг вовшахтоьхна хиларх, шаьш "Iедалан урхаллехь болчара дIахьочу политикана резацахилар" дIахаийтархьама.


Москохарчу полицин зерашца, акцехь дакъалаьцна 1700 стага. Ткъа митинг вовшахтоьначеран терахьашца, 2-5 эзаре кхаччалц нах хилла цигахь гулбелла. Акцехь хилира политик Гудков Дмитрий а, яздархо Улицкая Людмила а, бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса