Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Австрехь мухIажирш байинчарна 25 шераш тоьхна

0
Кхо шо хьалха Малхбалерчу Австрехь фургончохь садукъдала мухIажирш битинчу контрабандхошна набахтехь даккха 25 шераш хенаш тоьхна. Венгрин кхело бина и сацам, фургон лелораш шайн махкара Австрин территори тIе бовларна. Ши шо хьалха Австрин полицина некъан йистехь лаьттачу кир кхоьхьучу машенчохь 71 мухIажиран декъий хааделлера, шайлахь бераш а долуш. Йовхонехь нах бала а битина, бевддера машенан долахой. Шаьш балале хьалха фургончуьра арабийла гIиртина хиллера уьш, кузовна чухуларчу тIерсигна тIерачу лелхарша гайтарехь.


Белла дIабовллалц чохь яккха хенаш тохар дехнера царна Венгрин прокуратурано. Бехке хиллачу веа контрабандхочунна 25 шераш хенаш кхайкхийна кхелахоша. Бехкечарех цхьаъ ОвхIанистанан вахархо ву, кхоъ Болгарера схьаваьлла.


 


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса