Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Мацалла кхайкхийна Оьрсийчохь колонехь латточу ГIирмерчу гIезалочуьнан нанас

0
Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-ТахIрир" исламан юкъараллан декъашхо ву аьлла чувоьллинчу Примов Нурин нанас мацалла кхайкхийна ГIирмехь. Цо кхайкхам бина Севастополерчу ФСБ-н урхалле, шен кIант дIахецар доьхуш.


Примова Раймес дийцина Маршо Радионе, Оьрсийчоьнан Iедалшца барт а бина, хуьйцур болчу Сенцов а, Кольченко а кхин болчу а Украинерчу тутмакхашна юкъатохийта гIерташ ю ша шен кIант аьлла.


Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш лелочунна дуьхьал, шинарин дийнахь дуьйна хи малар бен кхин кхача тIеоьцуш йоцчу Примовн нанас чIагIдо, шена ницкъ мел тоьа мацалла хьоьгур ю ша бохуш.


Примов Нури чувоьллина ву 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 17-чу дийнахь дуьйна, Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо 5 шо хан а тоьхна. Карарчу хенахь таIзар токхуш ву иза Марий Эл республикерчу колонехь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса