Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Оьрсийчоьнан футболхоша хIинцале даьккхина 12 миллион доллар

0
Дуьненан чемпионатехь финалан 1/8 декъе яьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан футболан тобано даьккхина 12 миллион доллар, хаам бо Sport.rambler.ru сайто.


8 миллион доллар лур ду цу тобанна дуьненаюкъарчу футболан федерацино (FIFA) хьалхарчу ловзаршкахь дакъалацарна. Кхин а 4 миллион – рогIерчу муьре яларна.


Финалан ¼ декъе яьллачу тобанашна лур ду кхин а 4 миллион доллар.


Цу кепара, хир болчу чемпионаша доккхур ду 38 миллион доллар. Дато мидал яьккхинчу тобанна лур ду 28 миллион доллар. Ткъа кхоалгIа меттиг дIалаьцначу футболан тобанан чоьта тIехь хир ду 24 миллион доллар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса