Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Нохийчохь вийначу шина полисхочун сий дийр ду Саратовн Iедалхоша

0
Соьлжа-ГIаларчу килсана гIаттмахоша динчу тIелетарехь вийначу Саратоверчу шина полисхочун Рахметов Кайратан а, Горсков Владимиран а цIераш дагахьлаттийта гIалин Толаман паркехь тIемашкахь эгначу меттигерчу бахархошна хIоттийначу чуьрта тIе язйийр йолуш ю карабогIучу беттан 1-чу дийнахь. Саратовн кIоштан чоьхьарчу  политикан, юкъараллашца лелочу юкъаметтигийн министраллан пресс-секретаро Волшаник Анжелас бина и хаам. Цо билгалдаккхарехь, оцу дийнахь беллачийн доьзалашна совгIаташ дIакхачор ду.


Стигалкъекъа-беттан 19-чохь Соьлжа-ГIаларчу Архангел Михаилан килсана тIелеттера 18-19 шераш долу виъ вахархо. Цу дийнахь вийра ши полисхо, кхин а шинна чевнаш йира.


ТIелетта кхоъ Нохчийчуьра вара, цхьаъ ГIалгIайчуьра. Соьлжа-ГIаларчу медицинан колледжехь доьшуш а хиллера уьш.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса