Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Шайн тоба эшарна Нохчийчоьнан Iедалхой бехке буй толлуш бу Мисарара депутаташ

0
Мисарарчу спортан а, кегийрхойн гIуллакхашкахула а йолчу парламентан комитето толлуш ду, дуьненан чемпионатехь шайн футболан тоба эшар, цо Нохчийчохь куп тохар ду я дац. Шайн тоба эшна йисарна догдоьхна бу комитетан белхахой, яздо РБК-с Al Arabiya канална тIе а тевжаш.


Чемпионат юкъара шайн команда яларна жоьпалла депутаташа церан тренерна Купер Экторна а, футболхошна а, Мисаран футболан ассоциацина а тIехь дуьту. Тобано ледара жамIаш гайтаран бахьанаш таллархьама парламентхой комисси вовшахтухуш бу. Къасто гIерта уьш, хIунда дIатарйира шайн тоба Соьлжа-ГIалахь, шайн къийсархошца цхьанакхета дезачу стадионна геннахь.


Иштта Мисаран Iедалхой къасто гIерта, шайн тоба дIатаръеллачу хьешан цIийне стенна чубуьтура цигахь хила бакъо йоцу нах. Иштта хьаькамашна интересе ду, юкъахь бина цхьа а барт боцуш, Салахь Мухьаммадан имиджах Нохчийчохь пайда стенна оьцуш хилла.


Толлуш ду, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Салахьна республикан хьакъволу вахархо цIе ялар, бакъонца догIий а.


Британин зорбанаша а бехкаш дехира "Ливерпулехь" ловзучу Салахьера, цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лелийна юкъаметтигаш бахьана долуш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса