Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Журналисташна "арахьара агент" цIе тилла лууш ю Дума

0
Пачхьалкхан Думан информацин политикан Комитето "арахьарчу агентех" низамехь хийцамаш бар луьстур ду шинаридийнахь. Хаамийн гIирсаш "арахьарчу агентийн" статусе баьхна ца Iаш, цаьрца юкъарлонаш лелораш а оцу тептаре бахар хьоьху цара. "Ведомости" хьостано бо и хаам, Думан депутатийн а, аппаратан белхахойн хаамашна тIе а тевжаш. ТIедогIучу кIиранах тIеэца тарло и документ.


Низаман проекто "арахьара агент" лорур ю муьлхха а оцу хьостанийн материалаш яржийна структура я стаг, нагахь ахчанах пайда а оьцуш артиклаш язъеш гIо лацахь а.


Кхечу пачхьалкхашкара ахча оьцу хаамийн гIирсаш "арахьарчу агентийн" статусе яха бакъо елира Оьрсийчоьнан Iедалхоша яхначу гурахь. ГIуран-беттан 5-чохь Оьрсийчоьнан юстицин министралло Iорадаьккхира "арахьарчу агентийн" тептар, иза хьакхаделира "Iамеркан аз" ("Голос Америки") а, "Маршо Радио" а медиакорпорацех a, иштта "Карара Хан" ("Настоящее Время"), "Фактограф", "Крым.Реалии", "Idel.Реалии", "Кавказ.Реалии" интернет-проектех а, гIезалойн маттахь болхбечу Маршо Радион сервисах а.


Оьрсийчоьнан низамашкахь хилла хийцамаш емалбира цхьа могIа Iамеркан а, Европан а, Оьрсийчоьнан а политикаша а, дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацеша а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса