Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

ТIалибаша нохчийн зударий байар бакъ ца до Кадыровс

0
ОвхIанистанехь тIалибаша нохчийн кхо зуда тIехь ницкъ а бина, йийна бохуш, зорбанашкахь даржар бакъ ца дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.


"ОвхIанхойн хIун ю цахуучу Haama Press хьостанна тIе а тевжаш, оьрсийн хаамийн гIирсаша хазахетарца даржийна, даIишхойн тобанехь хилла Нохчийчуьра кхо зуда йийна аьлла", - резавоцуш яздо Кадыровс шен Телеграм-каналехь.


Кадыровс бахарехь, Haama Press агенталла шайн овхIанхойн эскаран 209-чу корпусерчу къайлахчу хьостанех пайдаэцна, ткъа цара "меттигерчу цIарах ца буьйцучу гIирсо" даржийна боху.


"Иблисаша а, тIалибаша а цу кепара къизаллаш лелор яц аьлла, цхьаннан а шеконаш яц, амма кхузахь ОвхIанистанехь нохчийн тIемалой бу аьлла, даржо гIертар ду", - дIахьедо Кадыровс.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса