Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Накъостан машен йигначу нохчочунна дуьхьал гIуллакх долийна

0
Москохан кIоштарчу вахархочо Сочехь полисхошка орцадаьккхинера, шен БМВ машен йигина аьлла. Буьйсанна машен цхьана цIенна уллохь латийна а йитина, дехьаваьллера иза. Машенчохь висинера цуьнан накъост, Нохчийчуьра 28 шо долу жимстаг. ГIуллакх чекхдаьккхина юхавирзича, хIоттийначохь ца карийра цунна машен. Телефон дIатоьхча жоп луш а ца хилла кхуьнан накъоста, тIаккха полице ваьлла иза.


ГIалин цхьана урамехь хааеллера полисхошна йигина кхуьнан машен. Машен йигинчо, ша гIали юккъехула хахкавала ваханера, амма тила а тилла, юхаван ца хууш висинера ша аьлла, кхетийна. 


Бехкзуламан гIуллакх даьккхина нохчийн кIантанан дуьхьал. Пхеа шаре кхаччалц хан йогIу цунна аьлла, яздо Сочерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакххоша.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса