Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

ЕГЭ бахьанехь хьехархой балхара дIабаьхна ГIалгIайчохь

0
ГIалгIайчохь пачхьалкхан экзаменаш (ЕГЭ) дIахьочу заманчохь къепе йохорна аьлла бехкебина, школашкара балхара дIаваьккхина ялх хьехархо. Кхин ледарло ма ялийта аьлла, бехк а баьккхина витина виъ педагог. Экзаменийн жамIех дуьйцуш, Магасехь йоьдучу кхеташонехь бина и хаам дешаран, Iилман министро Костоев Юсупа.


Экзамен йоьдучу хенахь дешархоша телефонаш, йозанийн кехаташ лелийна меттигаш хаабелла, цундела таIзар дина хьехархошна аьлла министро.


Иштта дешаран, Iилман урхалхочо билгалдаьккхина, карарчу шарахь ЕГЭ-на тIехь Iуналла тIехдика латтийна хиларх а, кхиамца экзаменаш дIаелларш алсамбевлла хиларх а.


 

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса