Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

СемаIашкахь адамаш дайарна бехке лору инарла Романов вазвийр ву Нохчийчохь

0
Росгвардин Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхоша дIахьедар дина, инарла-полковникан Романов Анатолийн 70 шо кхачар даздеш шаьш шуьйра мероприятеш дIаяхьа лерина хиларх лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино.


Болчу хаамца, тIебогIучу беттан 27-чохь Соьлж-ГIаларчу корьртачу килсехь литурги йийр ю генералан могашаллан тIера. Оццу дийнахь цуьнан сий деш хIоттор йолчу концертехь хелхарш дийра ду "Вайнах" ансамбло.


Инарла Романов буьйранчалла душ вара Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан эскаршна 1995-чу шарахь СемаIашкахь цара бIе сов маьрша вахархо вуьйш. Цхьаболху хаамашца, цу нехан терахь ду 300 гергга.


Оццу шарахь ГIадужу-баттахь (Октябрь) инарла вен гIоьртира, Соьлж-ГIаларчу Минутка майданна гергахь йолчу тоннел чохь фугас а эккхийтина.


Романовна еза чов йира. Цу хенахь дуьйна, корта борна меттах хьалуш а воцуш, вист а ца хилалуш Iуьллуш ву иза. И стаг латтош ву Москох Оьрсийчоьнан къоман гвардин эскаран коьртачу тIеман клиникехь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса