Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Омарова Калимат лохуш гIо дийр ду Нохчийчуьрчу министро

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Омарова Калимат лохуш накъосталла дар тIедиллина къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министрна Умаров Джамбулатана. Цуьнах лаьцна ша министро хаам бина меттигерчу телевизионехула.


8 шо долу Омарова Калимат яйна Дагестанерчу Каспийскехь дIабаханчу Товбецан-беттан (Июль) 29-чу дийнахь. Кхаллар эца туькана яхана йоI кхин цIа ца еана.


Цу хенахь дуьйна Омарова лоьхуш бу ницкъаллин структурийн белхахой а, орцахбевлла бахархой а. Умаровс бинчу хаамца, дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, дIаса а ца даржош, йоI лохуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров а.


Шен телевизионехула вистхиларехь Нохчийчуьрчу министро варе бира бер лачкъийна хила мегаш болу нах, йоI сиханца цIаерзо езаш хиларна. Иза дIа ца хецахь я шайна карор бу уьш, я Сийлахьверг тIаьхьакхуьур ву царна, бохуш вара Умаров.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса