Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Оьрсийчуьрчу "ВКонтакте" машано хаамаш дIабелла полисхошка

0
Суьдо бина сацам а боцуш, бехктакхаман гIуллакх толлуш хиларан тоьшаллаш а доцуш, экстремизмца къийсам латторан центрерчу (Центр "Э") полисхошка ВКонтакте" Оьрсийчуьрчу социалан машано дIабелла шен агIонех пайда оьцучу нахах лаьцна хаамаш.


Оппозиционеро Волков Леонида арахецна Башкортостанерчу полицино "ВКонтакте" машанах пайда оьцучу кхаа стагах а, Навальный Алексейн Уфахь болчу агIончашца йоьзначу шина тобанах а лаьцна информаци йоьхуш дахьийтинчу кехатийн даьхна сурташ.


Полицина хаа лууш хилла и агIонаш маца кхоьллина а, уьш кхоьллинчу нехан телефонийн номерш а,e-mail-ш а, IP-адресаш а. 


Кху шарахь Дечкен-баттахь дахьийтинчу цу хаттаршна "ВКонтакте"-ра жоьпаш кхаьчна полисхошка, ши де а далале.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса