Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Министро Умаровс емалбина махкал арахьа беха "оппозицин векалш"

0
Нохчийчуьрчу къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министо Умаров Джамбулата кхайкхам бина махкал арахьа бехачу "нохчийн халкъ кегаре кхойкхучу оппозицин ницкъийн векалшка", хаам бо "Грозный информ" сайто.  


Цунахлаьцна ххам бу Умаровс куьйгалла дечу министраллан инстагрмарчу агIона тIехь.


 Умаровс емалбина интернетехь (рунетехь) "нохчийн халкъ тIаме а, барт бохоре а кхуьйкхуш болу цхьаболу нах". "Мича кхача гIерта и нах, хIунда бу уьш кийча оццул атта "шайн" халкъан херамазалла дIаяла кийча", -  бохуш эргIадвуьйлу министр.


"…Тешна дуй шу, халкъана, Iасанаш Iуьттуш кеманаш чудаийта гIиртинчу сепаратисташа аьллачунна тIаьхьа а хIоттина, цхьана хенахь ша дина ирча гIалат юха а дан лаьа бохучух? -хоьтту министро цIершца буьйцуш боцчу нахе.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса