Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Мескер-Эвлахь чевнаш хилла жима стаг велла

0
Мескер-Эвлахь некъан полицин постана уллехь ша эккхийта гIоьртина жима стаг велла Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусамехь, хаам бо ТАСС агенталло.


Iедалхоша чIагIдарехь, цу жимачу стагана вуно еза чевнаш хиллера полисхошна тIелатар дан гIоьртича. ТАСС-о билгалдаккхарехь, иза цхьаъ бен вацара Марсхьокху-беттан 20-хь хиллачуьнца доьзна чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIемалой бу аьлла цIе тоьхначу 5 кхиазхочух дийна виснарг. Цу агенталло чIагIдарехь, цуьнан вашас тIелатар дина Шеларчу РОВД-на.


Социалан машанашкахь яздо кхин а ши кхиазхо, цхьанна 11 шо а бен доцуш, вийна хиларх лаьцна полисхоша, машенна хьалха хиъна хилла 17 шо долу жима стаг ша нехан машен йохийча, кхера а велла, вада гIоьртинчул тIаьхьа. Амма чоьхьарчу гIуллакхийн министралло и шиъ тIемалойн могIаршка язвина. 


Нохчийчуьрчу Iедалхоша чIагIадарехь, Соьлж-ГIалахь а, Шелан кIоштахь тIелатарш даран Iалашо хилла, ГIурбан де тIекхочуш махкара хьал чолхе даккха.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса