Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Кадыров: полицин белхахошна тIелетта кхиазхой тIехьехна махкал арахьара

0
Соьлж-ГIалахь а, Шелахь а полицин белхахошна тIелатар динчу кхиазхошна куьйгалла деш хилла махкал арахьара, дIахьедар дина Кадыров Рамзана «ВКонтакте» сициалан машанехь.


Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, цхьа а шеко яц полицин белхахошна тIелата аьлла кхиазхошна махкал арахьара социалан машанашкахула омра дина хиларан. Иза, низам лардеш болчарна дуьхьал хилла ца Iаш, дерриг а нохчийн халкъана дуьхьал бина къайлаха барт бу.


Кадыровс билгалдаккхарехь, вербовка йинчеран шайн леррина Iалашо хилла – Оьрсийчоьнан юкъараллехь берех а цхьаьна кхиазхошка тешам байар, хIора 11-12 шо долу бер хир волу террорист ду аьлла ойла кхоллийта.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса