Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Даудов: Кадыров Ислам цхьанхьа а балхахь вац

0
Нохчийчоьнан хилла премьер-министр Кадыров Ислам Iедалан урхаллера дIаваьккхина хилар тIечIагIдина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Исламца иккхина конфликт бахьана долуш, Нохчийчуьра вада везначу блогерца Абдурахманов Тумсоца шен хиллачу къамелехь Даудовс дIахьедина, "Ислам тахана цхьанхьа а балхахь вац, я Iедалан векал а вац иза" аьлла. "МогIарера вахархо ву иза", - аьлла парламентан куьйгалхочо.


Iедалхеь уггар а тIеIаткъаме волчех вара Кадыров Ислам, амма стохка бIаьста премьер-министран даржера вохийра иза.


Официалехь хаийтарехь, ницкъаллийн структурийн декъе дехьаваьккхинера иза, амма билггал хоуьйтуш дацара, муьлхачу дарже хIоттийна.


Зорбанашкахь дийцарехь,  2016-чу шарахь мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна кIело кечъяр талларан бахьанашца дара Кадыров Ислам балхара дIаваккхар.


"КавказРеалиин" хьосташа дийцарехь, иза Iедалера вохор хила тарлора, Нохчийчоьнан куьйгалхочух хьул а деш, цо ахчанашца хьарамлонаш лелор.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса