Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Нобелан комитете кехат яздина Кадыровс

0
Нобелан комитете ша дахьийтина кехат социалан машанерчу шен агIонехь зорбане даьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Мьянман урхалло рохинджашна тIехь геноцид ярх ООН-ан мониторинган миссино арахецна рапорт тидаме эцна Кадыровс. Оцу республикехь къизаллаш совцаяйтархьама бехкечарна дуьхьал санкцеш яхаре кхойкху ООН-о.


Нохчийчоьнан куьйгалхо реза вац Нобелан совгIат дала хьалхатеттиначеран тептарехь Мьянман пачхьалкхан хьехамча Су Чжи  Аун Сан хиларна. "Адамийн бакъоаншкахьа а, демократигахьа а нуьцкъала а боцуш  къийсам латторна" аьлла, билгалдоккхуш преми дала магийна цунна.


"Геноцидна дуьхьало муххале а ца йинера цо, Iедалан урхаллехь а йолуш, мелхо а рохинджашкахьа цабезам гIаттош, пропаганда лелийна", - аьлла, яздо Кадыровс.


Нобелан комитете хоьтту Кадыровс: бусулба рохинджаш хIаллакбеш хилар ООН-о тIечIагIдина ца Iаш, геноцид ду аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа, хIун ду шун ала?



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса