Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Кхаа рожера дIа ца яхало Нохчийчуьра школаш

0
Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца Москох хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцаредина махкарчу школашкахь бераша кхаа рожехь доьшуш хиларх. Школаш тIехюьзна хиларца "Кавказан республикашкарчу доьшийлашкахь хьал ира лаьтташ хилар" билгалдоккхуш,  Медведевс дош делла, регионна оьшу гIо дан. "Хьоьгара накъосталла хилахь, тхо ларор ду", - аьлла Кадыров Рамзана.


Цо бахарехь, таханалерачу дийнахь махкарчу 70 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. ТIаьххьарчу 4-5 шерашкахь Нохчийчохь 30 сов школа схьайиллиншехь, хьал хийцалуш дац аьлла мехкан куьйгалхочо, республикехь бераш дуьненчу дийлар лакхара хиларна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса