Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новосибирскехь бизнес йоьллуш ву Депардье Жерар

0
Бизнес-проекташ йоло Iалашонца кIирандийнахь Новосибирске кхаьчна францхойн артист Депардье Жерар. Шинаридийнахь кIоштан губернаторо дIаяхьа леринчу синбахамаллин Кхеташоне кхайкхина а ву актер. ГIалин вахархо санна тIеязвина ву Депардье Новосибирскехь, цуьнан бизнес-партнеро а, векало а Мосман Юлияс дийцарехь.


"Депардьен тобано Новосибирскехь бизнес йолош ю кхачан сурсаташ арахоьцуш, яржош. Ишта Депардьен  Iалашо ю, Хьалхарчу каналца а, шен продюсерца Фрилле Арноца а цхьана Новосибирсках лаьцна документалан кино яккха", - дийцина Мосмана.


Хьалхо Оьрсийчуьрчу юкъаралхочо Антонов Ростислава Инарла прокуратуре дехнера, Нохчийчохь Депардье Жерарна петар ялар бух болуш дуй таллар. Оьрсийн низамаш а дохош, Нохчийчохь хIусам елла Депардьена аьлла, тешна вара юкъаралхо.


2013-чу шарахь Нохчийчохь веза хьаша вина тIеийцира Оьрсийчоьнан махкалла тIеэцна волу францхо-актер Депардье Жерар. Кадыров Рамзана совгIатйира цунна 5 чоьнан петар а.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса