Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 11.12.2018

Велла 6 де хьалха Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь лазийна хилла вахархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь велла кху беттан 5-чу буса Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь лазийна хилла вахархо, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза а, цуьнан хIусамнана а, бер а чохь долчу Жигули машенна тIехьаша тIекхеттера дукха чехка хаьхкина йогIу Мерседес машен. Цунна урхалла деш хилларг Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочуьнан маьхча ву аьлла, хаам бина республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо. Хьалхо дуьйцуш дара, адамаш дайарна бехке верг Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гергара стаг Шелан... Читать дальше...

Алексеева Людмила кхалхарх кадам бина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Евзаш йолу бакъонашларъярхо Алексеева Людмила кхалхарх кадам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Москох ХIелсинкин тобан гIантдех цхьаъ йолчу Алексееван дара 91 шо. "Иза патриот яра Оьрсийчоьнан, иттаннаш шерашкахь цо ларйора махкахойн бакъонаш а, маьршонаш а, Даймахкана уггаре мехала долчу хаттаршкахула шена хетарг лардора цо", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Telegram каналехь.

ГIебартойн-Балкхаройчохь нохчийн тутмакхаш хьийзош бу бохург теллина Нохчийчуьрчу тобано

Radiomarsho.com 

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу ИК-3 олучу колонехь хилла Нохчийчуьра леррина делегаци, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цуьнан декъашхойн Iалашо хилла цу колонехь нохчийн а, гIалгIайн а бакъонаш йохош ю аьлла социалан машанашкахь баьржина хаам таллар. Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама шен гIоьнча Зайналабдиев Заур коьртехь волуш тоба хьажийна хилла и гIуллакх къасто. Колонин куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь нохчийн делегацин декъашхошна гучудаьлларг ду... Читать дальше...

Маситта керла юрт юьллур ю ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь гергарчу хенахь кхочуш йир ю керла ярташ яхкарца йоьзна леррина план. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, "Ингушетия" газетана тIе а тевжаш. ГIалгIайчоьнан премьер-министро Евлоев Зялимхана дийцарехь, керла ярташ йохкур ю Малгобекан а, Несаран а кIошташкахь. Iедалан зорбанан сервисо далочу терахьашца, ГIалгIайчохь карарчу хенахь ю 5 гIала а, 45 эвла а.

1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархо вуьйш дакъалаьцна нохчо кхеле озийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

1999-чу шарахь Дагестанехь Новолакан кIоштахь тIом бинчу стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх цу республикан Лаккхарчу кхеле хьажийна талламхоша. И стаг декъашхо хилла Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла дечу тIемалойн тобанан. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро, яздо kavtoday.ru сайто.  Талламан комитетан векалша бинчу хаамца, кхеле озош верг ву Нохчийчуьра схьаваьлла стаг. Цо, кхечу шен накъосташца цхьана, Новолакан кIоштахь тIелатар дина Оьрсийчоьнан салташна. Читать дальше...

Терахьийн бен телевизион хир яц Нохчийчохь ши бутт баьлча

Radiomarsho.com 

Гергарчу эха шарахь ерриг а Оьрсийчуьра аналоган телеканалаш болх бечура совцор ю зIенан министралло. И болх дIахьур бу 3 муьрехь. Хьалхара мур болалур бу 2019-чу шеран Чиллан-беттан 11-чу дийнахь. Цу дийнахь терахьийн форматана тIе йоккхур ю 7 регион, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш. Терахьийн форматехь мехаза хьажа аьтто хир болчу каналашна юкъахь ду: «Первый канал», «Россия I», «Матч ТВ», НТВ, «Петербург-Пятый канал», «Культура», «Россия 24», «Карусель», ОТР, «ТВ Центр», РЕН ТВ, «Спас», СТС... Читать дальше...

24 шо. "Хьалхара тIом"

Radiomarsho.com 

1994-чу шеран ГIура-беттан 10-чохь Ельцина телехьожийлехула дIахьедира, нохчаша вовшашца бен тIом сацорхьама, Оьрсийчоьнан Конституци чIагIъярхьама ша Нохчийчу эскар даккха омра дина аьлла.

Нохчийчоь Iамеркахошна кхераме хета Пачхьалкхан департаментана

Radiomarsho.com 

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хийцина, Оьрсийчу ца боьлхуш совца аьлла, шайн махкахошна дина хьехар. Цунах лаьцна хаам бо "Интрефаксо". Оьрсийчоь хIинца юкъатоьхна Iаморкахой вуно ларбала безаш болчу пачхьалкхашна. Цуьнца цхьаьна, хьалха санна, Iамеркахошна баха оьшуш дац Къилбаседа Кавказе, шена юкъахь Нохчийчоь а йолуш, терроран тIелатарш дарна кхерам хиларна а, бахархоша къепедацарш лелорна кхерам хиларна а. Цул сов, Iамеркахошна баха магийна дац "Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинин территори" йолчу ГIирме.

24 шо кхаьчна Нохчийчохь Хьалхара тIом болабелла

Radiomarsho.com 

24 шо хьалха, 1994-чу шеран ГIура-беттан 11-чу дийнахь, Нохчийчохь болабелира Хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса цу хьокъехь тIеэцна указ арадаларца, кхаа агIор Нохчийчоьнан территори тIе девлира Оьрсийчоьнан эскарш. Цу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаш динчу маслаIатца Нохчийн Республикан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шеран ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале. Ма дарра аьлча (де-факто)... Читать дальше...

Титиев кхин кхаа баттахь лаьцна латто сацам бина Шеларчу кхело

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб кхин дIа а лаьцна латто сацам бина Шелан гIалин кхело. Иза талламан изоляторехь хир ву 2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 22-гIа де тIекхаччалц. Титиевн керла хан ягар яр долор ду кху беттан 22-чохь дуьйна. Бакъонашларъярхо лаьцна хан яхъяр дехнарг ю прокурор Байтаева, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цо далийна бахьанаш ду Титиевн гIуллакх теллина даьлла ца хилар а, иза аравалийта мегар доцу бахьанаш хIинца а дуьсуш хилар а.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Началась онлайн продажа субсидированных авиабилетов из Калининграда

В Пермском крае в ночь на 3 мая наблюдалось северное сияние

Ученые: Магнитная буря вызовет полярные сияния в Москве и Петербурге

Это у них семейное. Лакаевы из Ульяновска выиграли «Сто к одному»