Оьрсийчуьрчу кхелашкахь дресс-код юкъайоккхур ю
Хьалхо юридикан министралло дехар дира Федералан адвокатийн палатан президентан Пилипенко Юрийн кехатна жоп луш, оьрсийн бахархой кхелан гIишло чу боьлхуш церан духаран терго ян еза аьлла.
Масална далийра Пилипенкос, Ленинградан кIоштахь пурстоьпаша кхелан кхеташоне теш чу ца витарх, цуьнан тIехулара куц бахьана долуш. Конфликт иккхира цу тIехула кхелан белхахошна а, адвокатна Голодович Лидияна а юкъахь.
Ишта, стохка аьхка Мордоверчу адвокатийн палатано статусах ваьккхира меттигера юрист, кхеле бакъахьа доцу духар а доьхна варна. БIаьргах маьлхан куьзганаш а доьхкина, майка а, джинсан пхьуйшаш доцург а, шорташ а йоьхна, бандана коьрта а тиллина веанера иза.
