Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Экономика кхуьуш хиларна дог айа 606 миллион сом делла Нохчийчоьнна

0
Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс экономика кхиарехь лаккхара болар эцарна дог айа ахчанаш делла федерацин 40 регионна. Царна юкъахь ю Нохчийчоь а.


И ахча декъаран бахьанаш кхетош кечбинчу хаамехь, дуьйцуш ду Оьрсийчуьрчу регионашна даькънарг 20 миллиард сом хиларх лаьцна.


Дог айа деллачу ахчанах уггаре а доккха дакъа кхаьчна Белгородан кIоштана - 990 млн миллион. Камчаткина делла 930 миллион сом. КхоалгIачу меттехь ю Сахалин - 882 миллион сом.


Нохчийчоьнна деллачу ахчанан барам бу 606 миллион сом. Жимма алсам ахча хьажийна Дагестанан бюджете - 625 миллион сом. ГIалагIайчоьнна делларг ду 167 миллион сом.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса