Ши стаг вийна Нохчийчохь некъахьовзамехь 0 10.12.2018 14:05 Radiomarsho.com Некъахьовзам хилла Нохчийчуьрчу Теркйистехь. Ломаз-Юьртара Кен-Юрта боьдучу новкъахь вовшахкхетта 3 машен. И бахьана долуш шина машенна хьалха хиъна хилла 38 а, 19 а шераш долу ши стаг оццу меттехь велла.Еза чевнаш хилла цхьа некъахо охьавиллина Терйист кIоштарчу дарбанан хIусаме. КхолагIчу машенна урхалла деш хилла стаг ца лазош кIелхьарваьлла хиллачу бохамах.Полицино толлуш ду хилларг. Moscow.media Частные объявления сегодня Rss.plus Все новости за 24 часа Другие проекты от SMI24.net Музыкальные новости Агрегатор новостей 24СМИ