Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Симферополехь летта нохчий а, гIезалой а (видео)

0
Нохчий а, гIезалой а Симферополехь летарх хаам Iорабаьккхина зорбанашкахь. Уьрсаш а, бейсболан гIожмаш а, кхиболу гIирсаш а лелийна цара латарехь. Летаршкахь лазийнарш а бу.


Кхаарин сарахь хилла ю и инцидент, яздо "ДС" хьостано, ATR телеканалан информацех пайда а оьцуш.  "Зенаш дина шинна. Карарчу хенахь гIуллакх толлуш ду, бехкенаш дIа а лоьцуш", - аьлла, дийцина ГIирмерчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша.




"Примечания" хьостано яздарехь, конфликт иккхина ГIирмерчу гIезалошна а, нохчашна а юкъахь. Уьрсан чевнаш йина цхьаъ дарбан цIийне кхачийна, дахарна кхерамечу хьолехь вац иза.


"Гарначук - нетолерантное" паблико Телеграм-каналехь яздо, латаршна бехке Думан депутат Бальбек Руслан ву бохуш.


"Бальбека а, цуьнан тобано а тховса буса урс хьаькхна ГIирмехь волчу Нохчийчоьнан векална а, цуьнан кIантана а, белхалочунна а. Кхоъ реанимацехь ву. Оцу хиллачунна тIехь урхалла деш вара Русланан ваша Крымбариев Тимур", -чIагIдо цо.


Сурсатех цхьана бизнесхочо дIацаделла ахча бахьана долуш иккхина ду и дов, дуьйцу цхьадолчу зорбанаша.


Бальбек Руслана цхьана а кепара комментари ца йитина цкъачунна хиллачух.


 


 

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса