Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Нохчийчоьнна

0
Нохчийчохь 5 шаранна лерина тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Оьрсийчоьнан федералан бюджетера. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.


Нохчийчоьнан Iедало тIеэцна ю 49 проект. 2024 шо тIекхачале уьш кхочуш еш дайа деза ду 190 миллиард сом. Цу ахчанан доккхаха долу дакъа - 180 миллиард сом доуьйтур ду федералан бюджетера.


ГIуран-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс шен Iедалан декъашхой декхарелахь бинера хIара шо чекхдалале ерриг а регионашкара проекташ тIечIагIъян. Уьш кхочуш ян тIедогIучу кхаа шарахь луш ду  5,7 триллион сом. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса