Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Вон цамгаро хьийзочу Дагестанерчу кIантана гIо дийр ду Кадыровн фондо

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша гIо дийр ду аьлла дIахьедар дина вон цамгаро хьийзош волчу Дагестанерчу кIантана. Цунна дарба дан оьшуш долу ахча лур ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо, хаам бина Нохчийчоьнан хьалханчо шен социалан машанерчу агIона тIехь.


Ахьмад цIе йолчу кIанта дехар динера луларчу республикан куьйгалхочуьнга. ЦIе ца йоккху цамгар ю шена  кхетта ткъа ХIинжа-ГIаларчу лоьраша дарба ца дон шена аьлла, дийцинера цо.


И аудиокхайкхам кхечира социалан машанашка. Цу кIанте ладуьйгIира эзарнаш наха, шайна юкъахь Кадыров Рамзан а волуш, яздо Регнум агенталло.


Цу хьокъехь оршотан дийнахь шен агIор комментари йина Дагестанан могашаллан министралло. Цуьнан зорбанан сервисо бинчу хаамца, 2018-чу шеран федералан квотица цу кIантана мехаза дарба дан дезаш яра Москохара Алмазовн цIарх йолу медицинан талламан центр, ткъа иза охьавилла везаш вара Москох рентгенорадиологин центре Дечкен-баттахь.  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса