Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Нохчийчуьрчу школашна 91 автобус дIаелла Кадыровс

0
Нохчийчуьрчу школийн куьйгалхошна бераш дIасалело 91 автобус дIаелла республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, леррина цу Iалашонца вовшатоьхначу гуламехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" сайто. Царна юкъахь ю УАЗ а, ФОРД а, ГАЗель а жима автобусаш а, ткъа иштта КАВЗ а, ПАЗ а автобусаш а. Уьш эцна федералан программехула. 


Республикерчу дешаран министраллан векло Муртазов Хаважа хьалхо бинчу хаамца, карарчу хенахь республикехь дешархой дIасалелош ю 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь федералан центро яийтина йолу 130 сов автобус. Кадыровс дIасаеккъарш ца йийцича Нохчийчуьрчу школашна бераш дIасалелон кхачо ян оьшург яра 144 автобус.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса