Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Гуьржийн дозанерчу Лакхарчу Ларсехь лаьтташ ю эзар сов машен

0
Оьрсийчохь ТIеман-Гуьржийн некъа тIехь Гуьржийчоьнца доза хадочу меттехь сецна лаьтташ ю 1000 сов машен. Уьш рагI ларйеш ю доза хадо.


Кху беттан 26-чохь ЖаIаран ламанан дукъ дIакъовлар бахьана долуш цигахь гулйеллера 335 йоккха а, 630 жима а машен. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министралло (МЧС).


Дийцарехь, жимачу машенашкахь дукхаха берш бу Керлачу Шарца доьзначу мукъаденошкахь садаIа Оьрсийчуьра цIабоьлхуш болу Эрмалойчоьнан бахархой.


ХенахIоттаман говзанчаша хаам бина гергарчу 10-12 дийнахь ламанан дукъ хадорехь долу хьал вуно чолхе хир ду аьлла. И бахьана долуш Дагестанехула а, Азербайджанехула а болчу некъах пайда эца аьлла кхайкхам бина бахархошка Оьрсийчоьнан орцаллан министралло.





Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса