Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2019

Хенал а хьалха ша араяккхар дехна Карауловас

0
Вологодскан кхеле Караулова Варвара хенал а хьалха араяккхар доьхуш, кехаташ чуделла аьлла, хаамбина цуьнан адвокато Бадамшин Сергейс. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2017-чу шарахь дуьхьало йира изза дехар кхочушдан, набахтехь 4,5 шо хан токхучу Караулова Варварин.


Вологодскан кIоштарчу колонехь таIзар токхуш ю Караулова. Адвокато кхелахошка чуделлачу кехат тIехь билгалдаьккхина, ша хIинццалц чохь яьккхинчу хеначохь набахтен низамаш ца дохош, колонин администрацино совгIаташ деш, кхечу тутмакхашца девне а йоцуш, схьайогIуш ю йоI аьлла. Ишта Москварчу университетехь юриспруденцин факультетан кхоалгIачу курсехь доьшуш а ю иза, чIагIдо адвокатан дешнашца ТАСС агенталло.


 "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета йоьду Москвара яхархо Караулова Варвара 2015-чу шарахь Туркойчоьнан а, Шемин а дозанехь лаьцна, юхаялийнера. 2016-чу шарахь Москварчу кхело набахтехь даккха 4, 5 шо хан кхайкхийра цунна.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса