Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 26.03.2019

ГIалгIайчоь: Доза къийса кIад ца белларш

Radiomarsho.com 

Дикка хан яра Фортанга-хица лаьтта доза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело "тIечIагIдинчул" тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу гуламаша дийца даьккхаза. Амма шинарийдийнахь юха а гулбелла жигархой и проблема есто. Стенгахь долало-кхачало, протестхошна хетарехь, Нохчийчоьнца долу доза? Иза хаа вахара Несара Маршо Радион корреспондент.

ТIемало ву аьлла 54 стаг вийна стохка Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Росгвардин эскархоша къайлаха лелачу тIеман тобанийн 54 декъашхо вийна дIадаханчу 2018-чу шарахь, хаам бо "Интерфаксо". Дийцарехь, царна юкъахь ву 4 тIемалойн хьалханча а. Цул сов, Росгвардин Къилбаседа Кавказерчу гонан буьйранчо Гетманов Игора чIагIдарехь, цара йохийна цхьамоггIа тIемалоша пайда оьцу объекташ, карийна куьйга йина лоьлхуьйту хIуманаш а, 50 сов кила саьмгар а.

ГIажаройчоьне дIалуш ву Белорусехь 25 шарахь ваьхна стаг. ДецIахь иза вен тарло

Radiomarsho.com 

Керла хан (Настоящее Время) Кест-кеста хеза Беларусино мухIажирш махкара арабаьхна олий. 29 шарахь шен лаьтта тIехь ваьхна азербайджанхо Мамедгусейнов Сеймур, беларусхочун паспортах а ваьккхина, шен даймахка дIахьажош ю Минск. Дукха хан йоццуш, шаьш-шайна тIе куьйгаш а даьхьина, Гомелан кIоштахь велла махкара араваккхарна кхеравелла Оьрсийчохь орамаш болу ши стаг. ГIажарочун Джамшидиянан дахар цкъачунна кхачадалаза ду – чекхдала тарло, нагахь санна Минско иза шен махкара аратасахь. Цунах хиндолчух кхоьру бакъоларъярхой – амма дац дан гIо. Читать дальше...

Кремлна халахетта Трампа Голанаш хьокъехь бина сацам бахьана долуш

Radiomarsho.com 

Голанан лакхенаш Израилан территори ларар хьокъехь Iамеркан президенто Трамп Доналда бинчу сацаман вон тIаьхье хир ю, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс, хаам бо РИА Новости агенталло. Цо билгалдаккхарехь, цу гIулчо кхин а чолхечу доккхур ду Гергарчу Малхбалера политикан хьал. Шаьш халахеташ ду цу хьокъехь, аьлла Песковс. Оршотан дийнахь (Зазадоккху-беттан 25-гIа) Израилан премьер-министрца хиллачу цхьаьнакхетарехь, Трампа указан тIе куьг таIийра официалан кепара Голанаш Израилан лоруш. Читать дальше...

Оьрсийчоьнца йоьзна 1900 агIо дIаяьккхина Facebook-о

Radiomarsho.com 

Facebook-н белхахоша 1907 агIо дIакъевлина Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш йолу. Юьйцург ю 86 агIо а, 64 аккаунт а, 1757 тоба а. Цу компанино динчу дIахьедарца, уьш ерш юкъаозийна хилла "цхьаммо, барт а беш, бакъ доцург дийцарна а, спам дIасаэхийтарна". Дукхахайолчу агIонашна тIехь арайовлуш хилла Украинерчу политикана хьажийна пматериалаш. Д!аяьхначу агIонийн администраторша лелош хилла уьш, харц аккаунташкахула ДIаяьхна агIонаш кхоьллинчу нахах лаьцна хаамаш низамаш лардечу органашка дIабелла, хаам бо Facebook-о.

Iедалшна дуьхьал юха а митинге арабевлла гIалгIай

Radiomarsho.com 

Митинг ю ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь. Цу акцехь дакъалоцуш ву 10 эзар гергга стаг, яздо "Дождь" телеканало, "Машр" тобанан куьйгалхочунна Муцольгов Мохьмадана тIе а тевжаш. И нах реза бац республикерчу референдумах лаьцначу низаман тIехь хийцамаш барна. И цу хийцамийн проект ГIалгIайчоьнан парламенте кховдийнера Iедалша, Муцольгов а, цунна тIаьхьахIиттина нах а Нохчийчоьнца доза хьокъехь барт барна дуьхьал референдум ян гIоьртинчул тIаьхьа.  Проект тIеэца езаш бара депутаташ кху беттан 28-чохь. Читать дальше...

"Оьрсийчоь кхераме яц, демократи ю цигахь"

Radiomarsho.com 

Деркач Анвар Наггахь волчу кавказхочунна бен ца ло Украинехь тховкIело  Оьрсийчоьно тIемалойх ву аьлла, лаца кхайкхийна дагестанхо Исаков ШаIбан Украинан кхелан сацамца лоьхучаьрга дIавала тарло Киево. МухIажиран кхоллам – эрна боху гонаш Хасу-Юьртан кIоштарчу МуцIал-Эвлара схьаваьллачу Исаковна а, "Право на захист" ("Iалашвала бакъо") юкъараллерчу адвокатна а массех де эшна миграцин хьукмате рогIехь – шозлагIа - тховкIело еха. Дуьххьара цо кхеле ша Украинехь витар дийхира 2016-чу шеран гурахь. Читать дальше...

Нохчийчохь "тIом бина" 30 шаре ваьлла оьрсий вийна Шемахь

Radiomarsho.com 

Шемахь вийнарг ву 30 шо долу Челябинскан вахархо Дмитрий (фамили йоккхуш яц). Болчу хаамца, иза мини тIехь иккхина кху беттан 8-чохь, амма цунах лаьцна хиина дIадаханчу оршотан дийнахь. И стаг цу пачхьалкхе тIом бан вахана хилла шен лаамехь президентан Асад Башаран тIеман ницкъашкахьа. Цу стеган накъосташа чIагIдо, иза Нохчийчохь а хилла вара бохуш. И бахьана долуш "Чечня" олуш цIе йоккхуш а хилла цуьнан. Цул тIаьхьа и стаг дIакхетта хилла Донбассерчу сепаратистех. Дийцарехь, цо дакъалаьцна Украинерчу... Читать дальше...

Facebook а, YouTube а кхеле елла Францерчу бусалбанийн кхеташоно

Radiomarsho.com 

Францерчу бусалбанийн кхеташоно Facebook а, YouTube а кхеле елла,  Крайстчерчехь маьждигашна тIелатар динчу стага йоккхучу видеона трансляци ярна. Кхеташонна хетарехь, цу кепара цу шина компанино дакъалаьцна терроризман гIортор еш йолу а, адамийн сий дойуш а йолу а материалаш яржош. Цул сов, Францин бусалба юкъараллан векалша чIагIдо, Facebook-на а, YouTube-на а тIех дукха хан эшна трансляци юкъахъяккха а, иза яржор сацо а. Францерчу низамашца а догIуш, 75 эзар евро барамехь гIуда тохар догIу цу тайпа гIалат далийтарна.

Макгрегора дIаерзийна спортан карьера

Radiomarsho.com 

Ирландерчу ММА латархочо Макгрегор Конора дIахьедар дина, спортан карьера дIаерзийна ша аьлла. Цунах лаьцна 30 шо долчу спортхочо яздина шен Twitter-чу агIонехь, хаам бо ТАСС агенталло. Макгрегор UFC чемпионатехь абсолютан чемпион вара шина йозаллин категорехь. Шен карьерехь тIаххьара иза летира Дагестанерчу спортхочуьнца Нурмагомедов Хьабибца. Нурмагомедов туьйлира 4-чу раундехь, садукъаделлачу Макгрегора ша кхин дIа дуьхьало ян гIорасиз хилар куьйгаэшарца хаийтича.

"Чермен" постехь нах хьийзор соцуш дац - Солтаев

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан юкъараллин чоьнан декъашхо Солтаев Мохьмад латкъамаш гулбеш ву ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанерчу "Чермен" постехь бахархошца полисхоша харцонаш лелоран, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цо яздарехь, оршотан дийнахь, иза цхьаьнакхеттера ГIуларчу вахархочуьнца Имаев Хьасанца. "Чермен" постехь, цхьацца бахьанаш лоьхуш, маситта сохьтехь латтийна хилла иза полицин белхахоша киралелочу машенахь вогIуш. Кхо сахьт  хан яьллачул тIаьхьа, машенан кехаташ схьа а даьхна, дIавахийтина цара Имаев. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






«Совершенствуют способы обмана»: могут ли мошенники украсть деньги с заблокированной карты

В преддверии празднования Дня победы сотрудники Росгвардии приняли участие в патриотических акциях.

Рай на земле. Как жизнь в подмосковном Селятино раскатали фурами

Девушку в образе Амурской области рисуют напротив аэропорта Благовещенск