Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 23.03.2019

Чуьйрашца инфекци хилла Хасав-Юьртара 90 стаг дарбан цIийне охьавиллина

Radiomarsho.com 

Хасав-Юьртара 90 стаг дарбан цIийне охьавиллина чуьйрашца инфекци хилла. Дагестанан могушаллин министралло хаамбарца, лазар кхеттачарлахь 72 кхиазхо ву. Урхалло чIагIдо, церан могушалла кхерамечу хьолехь яц аьлла. Республикерчу Роспотребнадзоро зуьйш ду, дIавш даларан бахьанаш. "Кавказ.Реалии" портало яздарехь, хих цатам баьлла хилла бахархошна.

Керлачу Зеландехь теракт дина маьждигаш схьадиллина

Radiomarsho.com 

15-чохь тIелатар динчу Керлачу Зеландин Крайстчерчерчу маьждигийн неIарш схьайиллина шоьтадийнахь. Кхи дIа йолчу заманчохь шина а гIишлонна, йоллу пачхьалкхерчу маьждигашна а санна, ха латтор ду аьлла бу пачхьалкхан полицин сайт тIехь бина хаам. Крайстчерч гIаларчу Линвудан а, Аль-Нуран а маьждигашна тIелатар дира кху беттан 15-чохь. Оцу терактехь вийра 3 шарера 77 шаре кхаччалц волу 50 стаг. Кеп-кепарчу чевнашца дарбан хIусамашка кхачийра 48 стаг. Зуламна коьрта бехкениг лерина Австралера орамаш долу жимстаг. Читать дальше...

Астанан цIе Нур-Султан аьлла, хуьйцучу омрана куьйгяздина президенто

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь Казахстанан президенто Токаев Касым-Жомарта куьйгяздина, Астана гIалин цIе Нур-Султан аьлла, хуьйцучу омрана. Акордан официалан сайтехь бина и хаам. Документ тахана дуьйна бакъо йолуш хир ду. Астана шахьара хьалхарчу президентан цIарах хилийтархьама Конституцехь хийцамаш байта реза хилира дахначу кхааридийнахь парламент. Инициатива къовдийнарг ву Казахстанан керла хIоьттина президент Токаев Касым-Жомарт. Алматахь а, Астанахь а, Шымкентехь а Наурыз даздечу заманчохь иттанашкахь нах лийцира ницкъахоша. Читать дальше...

Шема даIишхойн карара схьаяьккхина аьлла, хаамбина КIайчу цIийно

Radiomarsho.com 

Шеман территорешна тIера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн контрол дIаяьлла аьлла, дIахьединчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министралло дина дIахьедар, тIечIагIдина КIайчу цIийно. Пентагонан урхаллан декхарш кхочушдечу Шанахан Патрика бира цунах хаам Iамеркан президенте Трамп Дональде, президент шен кеманахь Флориде воьдучу заманчохь. Reuters агенталло яздарехь, КIайчу цIийнан пресс-секретаро Сандерс Сарас бина и хаам. Кхааридийнахь Маршо Радионо яздира, Шеман малхбалера Багхуз... Читать дальше...

Митингехь дакъалацарна балхара дIаяьккхинчу жигархочо толам баьккхина кхелехь

Radiomarsho.com 

2018-гIа шеран гурахь балхара дIаяьккхина хилла Саутиева Зарифа Магасан кхело юхаметтахIоттош сацам тIеэцна. ХIетахь ГIалгIайчохь цхьа могIа жигархой дIабехира балхара. ГIадужу-баттахь республикехь лаьттинчу митингашкахь дакъалацарца доьзна ду аьллера цара шаьш дIадахар. ГIалгIайчоьнан културан министраллана чуйогIучу, политикан репрессеш лайначу нахана лерина хIоттийначу музей-мемориалан директоран гIовс яра Саутиева. Ша балхара дIа ма яьккхи, жигархо кхеле яьллера. Кхаа кхеташонехь къастийра цуьнан гIуллакх. Читать дальше...

Асад Башаран тIемалошна тIе бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан кеманаша

Radiomarsho.com 

Шеман президентан Асад Башаран позицешна тIе бомбанаш тоьхна оьрсийн авиацино. ПIераскан суьйранна хаамбина цунах лаьцна Шеман оппозицерчу хьосташа. ИБАА а, Step-news а агенталлаша бахарехь, "ларамза" йиттина бомбанаш Масасын олучу Хама провинцин къилбехьа. Хамерчу журналисто аль-Хамави Васиман информацица, Оьрсийчоьнан кеманаша тоьхна бомбанаш бахьана долуш масех Шеман тIемало вийна, йа лазийна.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде






Зеленое царство – обзор новостроек рядом с «Лосиным островом»

Sony может стать владельцем Paramount

Сборная команда Санкт-Петербурга стала лидером медального зачета Кубка России по танцам на колясках

Владимир Ефимов: больше 250 гектаров реорганизуют на севере столицы по программе комплексного развития территорий