Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 13.01.2019

ГIалгIайчохь велла "Э" центран хьаькам вен гIоьртича чов хилла полисхо

Radiomarsho.com 

Данбанан хIусамехь велла ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало йон центран ("Э" центр) хьаькаман машенна герз тоьхна чов хилла полисхо.  И тIелатар динера "Кавказ" федералан некъаца нохчийн дозанца лаьттачу полицин постана гергахь Дечкен-беттан 12-чохь. "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим чохь волчу Mercedes-на масатопп йиттинера "Лада Гранта" чуьра. Иза ларвеш хиллачу кхаа гIаролхочунна чевнаш хиллера. Эльджаркиев дийна висина. Чевнаш хилларш дIакхачийнера дарбанан хIусаме. Царах цхьаъ ву велларг. Читать дальше...

Нохчийчохь нехан хIусамера ахча лачкъийна стаг къарвала тIевеана полице

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Куршлойн кIоштарчу полицн декъе веана 45 шо долу меттигера вахархо. Цо хаам бина Дечкен-беттан 7-чохь Iаьларахь нехан чуьра 4100 сом лачкъийна ша аьлла. Къолахо шен лаамехь тIевар тидаме а оьцуш, таллам болийна полицин белхахоша.

"Э" центран хьаькам вен гIоьртина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь "Кавказ" федералан некъаца нохчийн дозанца лаьттачу полицин постана гергахь тIелатар дина республикерчу Экстремизмана дуьхьало йон центран ("Э" Центр) хьаькамна Эльджаркиев ИбраьхIимна. Иза чохь волчу машенна масатопп йиттина "Лада Гранта" чуьра. Болчу хаамца, хьаькам ларвеш хиллачу кхаа гIаролхочунна чевнаш йина. Эльджаркиев дийна висина. Чевнаш хилларш дIакхачийна дарбанан хIусаме. ТIелетар динарш къайлабевлла. Уьш лоьхуш бу.

ГIалгIайн муфтий Хамхоев шайн кхеташонна юкъарваьккхина Къилбаседа Кавказерчу республикийн муфтийш

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн вовшашца уьйр хилийтаран кхеташонан рогIера гулам хилла Пятигорскехь. Цуьнан жамIаш деш, леррина дIахьедар арахецна регионерчу диндайн кхеташоно. Иза коьртачу декъана хьакхалуш ду ГIалгIайчоьнан муфтийх Хамхоев Iийсах. Пятигорскехь цхьаьнакхеттачу бусалба диндайшна хетарехь, ГIалгIайчоьнан бахархой республикан куьйгалхочунна дуьхьал баха гIерташ ву Хамхоев. И бахьана долуш, хIинца дуьйна Хамхоев шайн кхеташонан юкъахь хилар сацош ду Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн уьйр хилийтаран кхеташоно... Читать дальше...

Шеман дозане эскарш тIеузуш ю Туркойчоь

Radiomarsho.com 

Туркойн армино чIагIйеш ю Шеман къилбаседехьарчу Идлиб провинцин дозанца йолу шен позицеш. Reuters агенталло хаам бина шотдийнахь, Дечкен беттан 12-чохь, туркойн дозанца йолчу Хатай провинце танкийн а, гIагI диллинчу машенийн а ковранаш кхаьчна аьлла. Туркойчоьнан кхерамазаллин сервисаш комментари еш яц шайн эскарш дехьадахаран хьокъехь, амма цара харц а ца до Шеман территорина тIехь дIаяхьа шаьш тIеман операци кечйеш хилар. Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан куьйгалхочо Помпео Майка пIераскана... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса