Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 23.01.2019

Юсупов Iилман. Дуьненан гIовгIанан...

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман Дуьненан гIовгIанан къизачу къовкъарша Лазамах дIайоьлли сан массо шовкъ а. Баьгначу лаамех йисинчу овкъарша Къежди сан массо а гIуллакх а, зовкх а. Сан са ас язъечу байташлахь деттало, Дешнашца сингаттам дIатуьттуш гена. Сайн оьмар хьан ломан хих тера хетало - Нохчийн малх кхеттачу тIехула шена. Iамийна ас дагахь хьан хIора бохь сайна, Кхиэло со кхоссарх а хийрачу махка. Декаш ду сан аз, хьан аьрзунан мохь санна, Лууш сан мукъамаш хьан иэсехь тахка. Вац-кха со маьршачу хьан некъах тиллачех... Читать дальше...

Юсупов Iилман. Яздарче

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман. ЯЗДАРЧЕ (сонет) Илланчин цIе езаш, дарж дина, лело  Деса дош вотанах ахь декадо. Сан ненан маттана мел хилла гIело Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го. Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело, Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо.  ХIетте а, сирачу могIанийн кIело Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо. Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло Джаннате буьгур бу масийтта бIо. Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело Тера ду, хетарехь, кхеттачух со: Бакъволу илланча, гIелвелча, вело Хьо цунна... Читать дальше...

Юсупов Iилман. Луьстачу догIано...

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман ** Луьстачу догIано корашна тIе вотa етташ, Буьйса Iа сан куьйго язъечу байташна хехь. Корашна тIехула уьдуш ду тIадамаш, сетташ, МогIанаш могIанех хьекхало кехатна тIехь. Кхехкачу ойланийн догIà сан кхетамехь дòгIу, Кхета ца кхета со-м кехато и муха лов. ТIадамийн тоба сан дешнашна байIат дан йогIу, Сан дешнийн оьлано дIахуду тIадамийн зов. Ойланех тIадамаш хуьттучохь гушдоцчу тèша ДогIанан гIовгIа соь хIун ала гIерташ ю-те: Арара йочана сан иэсехь хIоьттина-теша, Я... Читать дальше...

Элдин Микаил. Суна хьо оьшу.

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил. Суна хьо оьшу Суна хьо мел чIогIа оьшу хьуна хууш хилча… ХIан-хIа, суна лаа-м ца лаьа кху дахаран мах хадо а, я Iожаллин къайле лаха а. Дахаро баркалла а, Iожалло неIалт а аьлла вац со, я дахаран цабезам а, Iожаллин безам а ца лайна-кх ас. Цхьа дика я вон ланза цхьа а са ма дац дуьненахь. Делахь а ахь сайна дитинарш аса-м хала лов. Сан са цхьа карзахе, со бале вожийна, цхьана даккхийчу къинойх уьдуш санна, тийжарца паналле кхийдаш мукъадала гIерта-кх. Ткъа дог?.. Дог-м шелделла Iадда дIатийна, делча санна. Читать дальше...

Яндарбиев Зеламха. Меллаша гIушлакхе баьлла...

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха Меллаша гIушлакхе баьлла, Тийна Iа, таьIна Iа малх. Нохчичоь, хьо йоцчу ваьлла,  Ма гIийла хетта-кха нах. ХIорда тIехь кхозий, малх, боьдий,  ГIаьттинаъ валале хьо, Карабо, дIабуза боьдуш, Дерриг де шеца дIахьош. Нохчичоь, суна ма гина Хьан Iуьйре, хьан делкъе, де. Суьйре а, буьйсаъ ларйина... Ткъа кхузахьа-м дац буьйсаъ, деъ... Хан, кхузахь - ерриг цхьа зама,  ХIорд санна, цхьатерра дIа... Нах бу, комаьрша, балл тамаш, Амма мохк - дог доцуш цхьа. Гой хьуна, дош аьлла валале,  Делкъе а схьахIоьтти тIе. Читать дальше...

Мамакаев Мохьмад. Зама

Radiomarsho.com 

Мамакаев Мохьмад  - Зама - Зама, ма сихло, сан зама, Цхьажимма некъ бита суна, Со дахарх Iаьбна вац хьуна, Сан дисна дезарш ду хьуна: Талланза шорта ю ареш, Яздаза дисна ду иллеш, Дагара хаийта кхоьруш, Генара кехатца езаш, - Со безам лехна ву хьуна, Сатуьйсуш къежвелла хьуна. Хьоьгара собар а лоьхуш, Со вогIу хьоьца де къуьйсуш... Зама, ма сихло, сан зама, Со тахна реза ву хьуна, Дуьненна кур бетташ вогIург Сийначу молханца вагош. ХьагIца цIий Iенадеш вогIург Готтачу лахьти чохь сецош... Читать дальше...

Нохчийчохь газах IаьIна декхар доьзна дац тIемашца – Газпром

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь газах декхар IаIар доьзна дац тIеман хиламашца, иза гулделла цунах ахча дIадаларан дисциплина лахарчу тIегIанехь хиларна, дIахьедина журналисташка "Газпроман" урхаллан гIанден когаметто Голубев Валерийс, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. - Декхар гулделла йолу хан тIеман хиламашца йоьзна яц, цхьамогIа комментарешкахь иза ма дийццара. Декхарш дисина нахана тIехь газах шен хеннахь ахча дIа ца даларна, - боху Голубевс. Дечкен-беттан 16-чохь Нохчийчоьнан прокуратуро хаам бира Соьлж-ГIалин... Читать дальше...

Нохчийчуьра йоккха стаг бехке йина эладита кхолларна "Грозный" телевизионо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Пенсийн фондана латкъам беш кехат яздина Цечоева Фадиман цIе йолу йоккха стаг бехке йина "Грозный" телеканало эладита кхолларна, яздо Кавказ.Реалиино. Цу зудчо дийцарехь, Пенсийн фондо цунна ца дина 5 эзар сом барамехь ахчанца цкъа деш долу гӀо. ЧГТРК "Грозный" телевизионо дийцарехь, Цечоевас бинчу латкъамехула таллам бича гучудаьлларг ду и ахча цунна 2017-чу шарахь делла хилар. "Цу хьокъехь кхетош болх цуьнца бина хилла цо Кадыров Рамзане дехар дале. Читать дальше...



Муха гулделла Нохчийчохь газах 9 миллиард декхар?

Radiomarsho.com 

Регионерчу кхелан сацамца, Нохчийчуьрчу бахархошна тIера даккха кечдина 9 миллиард сом декхар муха гулделла ду аьлла хаттар хIутту. ТIеман 1990-чу а, 2000-гIа шерашкара схьа, Соьлжа-ГIала херцаршлахь Iуьллучу заманчуьра дуьйнна вовшахкхетта декхар ду иза аьлла, кхетийна Нохчийчоьнан цIарах оьрсийн пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила.

Къола дина стаг лаьцна Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Шен ахча лачкъийна стаг лахахьара аьлла полице дехар дина хилла Гуьмсаан кIоштарчу вахархочо. Талламан белхаш дIабаьхьна полицин белхахой тIаьхьакхиъна зулам динарг Соьлж-ГIалара 34 шо долу вахархо хиларна.   Полицин декъе дIакхачийча и стаг къера хилла ша къола дарна. Цо далочу тоьшаллашца Дечкен-бутт болалуш 5 700 сом ахча лачкъийна хилла цо Гуьрсан кIоштарчу вахархочуьнан. Къолахо дIахецна эшначу хенахь тIеван декхаре а вина. Полино таллам бу дIахьош.

Тележурналистан Соловьевн Италехь рогIера вилла а, Maybach машен а карийна Навальныйна

Radiomarsho.com 

Карара Хан (Настоящее Время) Коррупцица къуьйсучу Фондо (куьйгалхо Навальный Алексей) Iорадаьхначу кехаташа гойту Оьрсийчохь вевзаш волчу телеэфирлелорхочо Соловьев Владимира Италехь кхин а цхьа вилла эцнийла а, цуьнан долахь уггаре машен - Maybach - юйла а. Фондо бинчу талламо бахарехь, Комо гIайри тIехь вилла эцна 2013-чу шеран Товбеца-баттахь, 1,021 миллион евро а делла. Иза ю Соловьевн доларчу кхечу цIенна 11 километр юьстах. Йохк-эцаран кехат а, кадастрера тоьшалла а ду зорбане даьккхинарг. Читать дальше...

ВГТРК-н операторан хьехам: "Телевизор ца латор бен молха дац"

Radiomarsho.com 

Волчек Дмитрий,                                                                                                  Маршо Радио, оьрсийн сервис Оьрсийчуьра телегойтийла: хьовсархой Iехабо, шен белхахой юьхьIаьржа хIиттабо "Оьрсийчоь шен долаерзийначу режиман идеологица со цкъа а ца хилла реза, амма "аьшпаш кхуллучу тобанна" юкъавола а, иза чуьра хьаьжча муха ю ган а-м лиина суна",  дуьйцу Кривенков Леонида. Цуьнан говзалла ю химик, ткъа Iаьмна видео яккха. ДоттагIчо-телеоператоро дийхира цуьнга... Читать дальше...

Украинехь шена тховкIело цаяларна кхеле латкъам бина Бельтоевс

Radiomarsho.com 

Киеван кIоштан административан кхел листа реза хилла 25 шо долчу нохчочо Бельтоев Ислама бина латкъам. Бельтоевс доьхург ду политикан тховкIело йоьхуш ша дина дехар юхатухуш миграцин сервисо бина сацам юхабаккхар. ГIуллакх къасто доладале хиллачу кхеташонехь суьдхо Каракашьян Сергей реза хилла Бельтоевн дехар листа Чиллан-беттан 25-чохь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Стохка Киеван апелляцин кхело набахтера аравалийтира Оьрсийчоьнан федералан кхерамамазаллин сервисан (ФСБ) дехарца лаьцна волу Бельтоев Ислам. Читать дальше...

Дагестанехь ша бинчу балхах лаьцна дийцина Даудовс

Radiomarsho.com 

Доза къастош латтанца боьзна белхаш бан безар бу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан парламентан гIантдас Даудов Мохьмада, ша луларчу республике вахаран жамIаш деш. Даудовс дийцарехь, Дагестанан Iедалан векалша цхьаьнакъахьега барт бина цо, шина республикан доза билгалдоккхуш болх беш. Цу балхана юкъаозийна хир бу республикийн а, муниципалитетийн а тIегIанера белхахой, дуьйцу Даудовс шен "ВКонтакте" йолчу агIонна тIехь.

Страсбургерчу кхело 1,6 миллион евро тIедожийна Оьрсийчоьнна

Radiomarsho.com 

Францерчу Страсбургехь куп тоьхначу Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна 2000-2005 шерашкахь салташа дIавигинчул тIаьхьа лар йоцуш вайначу 20 стеган гергарчарна 1 миллион 600 эзар сов гергга евро ахча далар. Цунах лаьцна хаам бина "Правовая инициатива" вовшахтохаралло, яздо «Медиазона» сайто. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, берриг а и нах лар йоцуш байна Нохчийчохь 2-гIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскарша а, ницкъаллин структураша а дIалаьцначу территори тIехь. ... Читать дальше...

Стохка 21 тIемало вийна Нохчийчохь, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу 2018-чу шарахь Нохчийчохь 21 тIемало вийна, дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллан кхеташонехь Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, кхин а 56 стаг лаьцна ву, терроран а, экстремизман а чулацам болу цхьацца зуламаш дарна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, баккхийн кхиамаш баьхна меттигерчу ницкъаллин структурийн органаша зуламаш дина нах лохуш а, царна тIаIзарш деш а. Кадыровс чIагIдарехь, наркотикаш йохкарца къийсам латтош а дикачу агIор хийцабелла полисхойн белхан гайтамаш. Читать дальше...

АрсамаковгIер банк шен долаяьккхина Оьрсийчоьнан Банко

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Коьртачу Банко таян сацам бина Москох индустрин банк (МИнБанк). Официалан болчу хаамца, ахча хиларца иза лаьтташ 33-чу меттехь (320,5 миллиард сом). Цу банкан акционерийн дакъа чоьтера дIадоккхуш ду 1 сом а дуьтуш. Ткъа Оьрсийчоьнан Банко и банк кIелхьаряккха инвестицеш ярна шен дола йохуш ю цуьнан 99% акцеш. Москох индустрин банкан 1998 шарахь дуьйна коьртехь ву Арсамаков Абубакр. 2016-чу шарахь "Справедливая Россия" партин цIарх Пачхьалкхан Думе харжамашкахь дакъалецира цо. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев о победе над Алькарасом на турнире в Мадриде: мне очень помогла подача






Ученые: Магнитная буря вызовет полярные сияния в Москве и Петербурге

Вверх или вниз? Эксперты объяснили, как изменятся цены на новостройки в мае

Военнослужащие Росгвардии провели патриотическое мероприятие для димитровградских лицеистов

Это у них семейное. Лакаевы из Ульяновска выиграли «Сто к одному»