Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 11.04.2020

ГIалгIайчоьнан муфти велла коронавирусах

Radiomarsho.com 

Мартазанов Iабдурахьман, ГIалгIайчоьнан муфти, кхелхина тахана. Массех де дара иза, коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш, дарбан цIийне виллина, амма Москвара схьакхачаза дара тестан жамI, хаам баржийна ГIалгIайчоьнан премьер-министран декхарш кхочушдечу Сластенин Владимира РБК агенталле. «Тахана дIаваьлла, диагноз къастош ю» - жоп делла агенталлина ГIалгIайчоьнан муфтин гIовса Сароев Адама. 63 шо дара Мартазанов Iабдурахьманан.   «РИА Новости» а, «Интерфакс» а агенталлаша, мехкан могашаллин... Читать дальше...

Кхин а ши стаг велла Нохчийчохь коронавирусах

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь ши вахархо велла Нохчийчохь коронавирусах, Верриг а ун хьекхаделларг ву 48 стаг. Иштта бу ТАСС агенталле махкарчу парламентан спикера Даудов Мохьмада бина хаам.      Кху беттан хьалхарчу дийнахь уьнах елира 1938 шарера йолу зуда. Москвара даймахка яхана яра иза. «ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь ши стаг кхелхина Нохчийчохь, юьхьанца дуьйна велларг кхоъ ву. ХIинца белларш бу 82 шо долу стаг а, 52 шо кхаьчна зуда а. Москварчу лаборатореша коронавирус хьакхаелла хилар гайтина 48 вахархочуьнца», - аьлла Даудовс. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь ун кхетта кхин а 73 стаганна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан халкъан хьашташ тергалдечу Роспотребнадзоро бечу хаамца, селхана а, сийсара а коронавирус шайца карийнарг ву Къилбаседа Кавказан мехкашкахь 73 стаг. Дагестанехь уьно лецна хилар дийнахь-буса билгалдаьллачех ву 26 вахархо. Ставропол-махкахь – 14. Краснодар-махкахь – 13, ГIалмакхойчохь – 9. Нохчийчохь – 8. ГIебарта-Балкхаройчохь – 3.

ХIирийн дешархойн комьютерш ерраш а санна ю вирусаш лецна

Radiomarsho.com 

ЦIахь деша дIасадахийтинчу ХIирийчуьрчу берийн йоккха проблема иккхина – кеп-кепарчу вирусаша Iаткъамбо церан компьютершна, хало йо дистанционан дешарна. "Иза яра бакъйолу вирусийн эпидеми. Доьхнарг дара, бераша вовшашка цIахь бан белла белхаш, материалаш дIасахьийсочу юкъанна, шайн-шайн компьютерш «бехъяр». Тхуна проблема ю мьттура 60% берийн, ткъа иза-м хиллера 85», - дуьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан информацин технологийн, зIенан урхаллин куьйгалхочо Салбиев Алана. Цо бахарехь, Касперскин лабораторе дехар а дина... Читать дальше...

82 стаг ву Дагестанехь коронавирус кхетта

Radiomarsho.com 

24 стаг тIекхетта Дагестанехь коронавирус лаьцначу нехан терахьна, боху махкарчу Роспотребнадзоран урхалло. COVID-19 кхетта  ву республикехь 82 стаг. 9 стаг товелла, дарбан хIусамашкахь ву 73. Вирус билгалйоккхучу тестех чекхваьлла махкахь 5000 гергга вахархо. 2000 сов ву царех цIахь-чохь Iойтуш.

ГIалгIайчохь некъан инспекцин машенна герз диттина бевзашбоцучара

Radiomarsho.com 

Яхначу буса бевзаш боцчу наха герз диттина Несарахь некъан инспекцин машенна тIе. "КIайн а, Iаьржа а «Приора» машенаш чуьра диттина герз, кхерамна кIелхьара бовла гIиртина инспекторш, царна тIаьхьахехкабелла зуламхой. Полицин белхахой ца лазийна цхьа а», - яздо «ГIалгIайче» газето, полицерчу хьостанашна тIе а тевжаш. Полицино тIелеттарш лохуш дIаяьхьначу операцехь лаьцна 38 шо долу меттигера вахархо. Полицица юкъаметтигаш галъевлла хила тарло цуьнан, аьлла хета хаам баржийначу журналисташна.

Коронавирусах дуьххьара вахархо велла ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь дарбан хIусамехь кхелхина коронавирусах дуьххьара стаг. 60 шо дара цуьнан, велла реанимацин чоьнаш чохь, боху мехкан могашаллин министраллин векалша. Верриг а уьно лаьцнарг ву ГIалгIайчохь 29 вахархо.

Маьхза масканаш дIасайоькъур ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

«Оха тахана 400 эзар маска эцна. Иза юьхьиг бен а яц. Тахана дуьйна оха уьш дIасаекъа йолор ю. Уггаре хьалха – Соьлж-ГIалахь, кIоштийн центрашкахь, нах алсам гуллучу юкъарчу меттигашкахь», - аьлла пIераскана Инстагремехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. «Нохчийчоьно уьнна духьалоен бедарш а, масканаш а хьийсайо луларчу мехкашка а, генарчу мехкашка а», - хаамбина цо. Керла уьнхой махкахь бац, коронавирус кхеттарг верриг а 22 вара, царех 15 товелла, лоьраша тергонехь латтош 793 стаг ву ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






В России выпустили монету с изображением памятника Перми

Выставку «Маковские. Константин и Владимир» в Серпухове продлили до 11 августа

Врач назвал щадящим воздействие рома на печень по сравнению с другим алкоголем

Москва обвинила США в неприкрытом давлении на третьи страны за связи с РФ