Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 20.04.2020

Ницкъаша бохийна БуьритIера гулам

Radiomarsho.com 

БуьритIерачу Маршонан Майданара гулам дIасалаьллина ницкъаша. Ишта буьйр дина Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Скоков Михаила, шен дехаршка протестхоша ла ца доьгIча. Шайна дуьхьаллаьттачу полицина шогга дуьхьалойира гуламхоша. ГIашлойн некъах йохку мокхаза гаьргаш а, шишанаш а кхуьйсура наха Iедалан ницкъашна тIе. Полисхоша резаьнкин гIожамаш йиттина протестхошна. Майда яссийна буьйса юлуш. БуьритIе боьлху некъаш лецна бара, къевлина ю гIалин центр. Полицино сецайора гуламера дIабоьлхучийн машенаш. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (20.04.2020)

Radiomarsho.com 

Дийнахь-буса 5 кавказхо велла коронавирусах, Дархошка хьажа вахана Кадыров, Гулам бу БуьрийтIехь, Дукха бахархой тIекхуьу ГIалгIайчохь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайда эцна Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Мохк бегийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнца дозучу Дагестанан лаьтта тIехь мохк бегийна. Оцу хьокъехь хаамбина Тбилисерчу сейсмологаша. Цара бахарехь, латта карзахдаьлла меттиг ю Гуьржийчоьнан дозанна 5 чаккхарма юьстах. Мохк бегийна 3,5 магнитудехь.

Канадехь уггар доккха адамаш дайар хилла оцу мехкан кхузаманан исторехь

Radiomarsho.com 

Полицино лелочерах тера машенахь герзаца араваьллачу вахархочо лаххара а 16 стаг вийна Канадин малхбалерчу декъехь. Оцу пачхьалкхан кхузаманан исторехь дуьххьара хилла цу кепара оццул дукха нах байар.

50 гуламхо хир ву Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнца юкъарло лелош

Radiomarsho.com 

БуьритIерчу гуламхошка дIасабовлар дехна церан лидерша. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнца Битаров Вячеславца къамел а дина, цуьнан кабинетера арабевллачу нахах массех стаг вара и дехар мегафонашкахула дIакхайкхош. Цара бахарехь, пандемин хьелашкахь шеца цхьаьна махкара гIуллакхаш листа гуламхойх 50 стаг кхайкхина Битаровс. Протестхойх дукхахберш реза бацара оцу некъанна: шакарш етташ, юкъахбохура цара гуламан жигархой. Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, санкци йоцу гулам хилла БуьрийтIехь оршоьтадийнахь. Читать дальше...

Оьрсийчохь уггар дукха бахархой тIекхуьу мохк бу ГIалгIайчоь

Radiomarsho.com 

2017-2019-чу шерашкахь бахархой массанхьачул а дукха тIекхиина мохк бу ГIалгIайчоь. Дуьйцучу шерашкахь цигара бахархойн совбевлла 5,5 процентна, хаамбо "РИА Новости" агенталло. Оцу регионал тIаьхьа йогIу рейтингехь Украинера аннекси йина йолу Севастополь (4,8%), кхоалгIаниг бу Ленинградан мохк (4,7%). Оьрсийчохь бахархой тIекхиарца боьалгIачу меттехь лаьтта Нохчийчоь, 4,5% лакхадаьлла цигарчу бахархойн терахь. Статистикан эксперта, ГIалгIайчуьрчу «Оьрсийчоьнан гIортор» юкъараллин лидера Оздоев... Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчуьрчу гуламо Iедал дита боху республикан куьйгалхошка

Radiomarsho.com 

Санкци йоцу гулам бу БуьритIехь дIабоьдуш. ХIирийчуьрчу протестхоша декхаре бо мехкан куьйгалхой карара Iедал охьадилла. Маршонан майда дIакъевлина меттигерчу полицин а, Росгвардин а ницкъашца, хаам бо "Кавказ.Реалиин" корреспондента. 700 гергга стаг гулвелла гIали юкъа боьдучу новкъахь. Медицинан масканаш а йоьхкина, хьал юьстахара тергалдийраш а бу дукха. "Битаров, дарж дита!" маьхьарий детта гуламе баьхкинчара. Цара декхарево иза парламент дIасахеца а, шегара дарж охьадилла а. Меттигерчу... Читать дальше...

Дийнахь-буса 5 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

COVID-19 кхетта 5 стаг велла Къилбаседа Кавказан регионашкахь дIадахначу дийнахь-буса. Оперативан штабо бечу хаамца, Къилбаседа Кавказехь 242-на совдаьлла цомгушчийн терахь. Керла дархой уггаре дукха бу Нохчийчохь – 45. Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а COVID-19 уьнах цомгуш хиллачийн терахь ду цхьатерра – 39, Краснодар-махкахь – 34, Къилбаседа ХIирийчохь – 25, Кхарачой-Чергазийчохь – 20, ГIебарта-Балкхаройчохь – 16, Ставропол-махкахь – 12. Уггаре кIезиг бу тIекхиина дархой Адыгейхь а (9), ГIалмакхойчохь а (3). Читать дальше...

Коронавирус кхеттачу нахе хьажа, Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусаме вахана Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилла COVID-19 цамгарх нах чубехкинчу Соьлж-ГIаларчу №4 йолчу клиникан хIусамехь. Хьалхо Москварчу Коммунарке вахча, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна санна, уьнах Iалашвен духар тIе а доьхна, гайтина Кадыров. Оьрсийчохь массо а регионийн куьйгалхойл хьалха ша жоп лучу Нохчийчохь дозанаш дIакъевлира Кадыровс. И сацам шога емалбира Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила, амма иза бисира хийцам боцуш. ДIадахначу кIиранах Кадыров социалан... Читать дальше...

Кхин а 4268 стагаца коронавирус карийна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Дайначу дийнахь-бусий кхин а 4268 вахархочуьнца карийна COVID-19 ун. Иштта боху оперативан штабан хаамо. Шотдийнахь довзийтинчу 6 эзарнал лахара ду и терахь. Коронавирус лаьцначу нахах 24 сахьта чохь велла 44 стаг. Верриг а 47121 стаг ву Оьрсийчохь уьно лаьцна (дуьнентIехь 10-гIа меттиг), ткъа велларг ву 405 вахархо. Москвахь дийнахь-бусий инфекци хааелла 2026 стагехь, и терахь а ду шотдийнахь гайтинчу 3500-нал лахара. Ун лаьцначу нехан дукхаллиц Оьрсийчохь хьалхарчу меттехь ю Москва – ах сов цигара бу цомгушнаш. Читать дальше...

Дагестанехь гIаланашка, кIошташка доьлху некъаш къевлина полицино COVID-19 бахьанехь

Radiomarsho.com 

КIиранан дийнан хьалхарчу декъехь къевлина дара Каспийск гIалара арадовлу некъаш, хаам бо Кавказ.Реалиино. ХIинжа-ГIала боьдучу шина а трасси тIехь лаьттара полицин хаш, некъ бихкинера дуьхьалхIиттийначу эвакуаторшца. Чекхъяла бакъо лора юкъарчу транспортна – маршрутан таксешна а, троллейбусашна а, автобусашна а. Кхийолу машенаш юхаерзайора. "Нийсса тхуна хьалха эвакуаторца некъ лецира, карахь чекхволу кехат делахь а, дIа ца вохуьйту элира. ТIехьашкахула доьлху некъаш лаха дийзира», - боху Каспискан вахархочо Муртуза. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ирина Шиманович

Шиманович пробилась в ⅛ финала теннисного турнира в Сен-Мало






Mash: суд оштрафовал риэлтора на 300 тысяч рублей за кражу идеи ролика для блога

АЗЕРБАЙДЖАН. Ольга Любимова: У Минкульта нет такого направления, по которому не было бы совместных проектов с коллегами из Азербайджана

Сохранение культурных традиций в современной России

В России суд впервые оштрафовал блогера за кражу рилса