Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2020

Новости за 16.05.2020

Къилбаседа Кавказан курорташ аьхкенан юьххьехь схьайоьллур ю

Radiomarsho.com 

Туристикан кластер схьаелла Iалашо ю "Къилбаседа Кавказан курорташ" компанин. "Архыз", "Ведучи", "Эльбрус" курорташ хIинцале а кечамаш беш ю аьхкенан сезонна. ТАСС агенталле компанин пресс-гIуллаккхоша дийцарехь, сезон индивидуалан туризмана лерина хир ю. "Цкъачунна туристаш тIеоьцуш "Архыз" а, "Ведучи" а, "Эльбрус" а йоцушшехь, "Къилбаседа Кавказан курорташ" компани жигара хьийза, аьхкенна а, тIедогIучу Iаьнна а кечамаш беш. Аьхке йолалучу муьрехь схьаелла там бу курорташ", - аьлла ду хаам тIехь. Читать дальше...

Харц кехаташ а кечдина, ахча лачкъорна бехкево ГIалгIайчуьра юьртда

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштан Мужечен юьртдас финансийн тардеш документаш а кечдина, бюджетан ахча лачкъийна хилла. ГIуллакх кхин дIа листа кхеле хьажийна аьлла, хаамбина прокуратурано, яздо "Кавказский узел" агенталло. Хьаькаман бехк тIечIагIбина прокуратурано. Талламчийн версица, 55 шо долчу Мужечен администрацин хьаькамо 2016-чу шеран Чиллан-баттахь харц сацам а бина, меттигерчу кIоштан Iедалхошка тарнсформатор эца аьлла, 450 эзар сом бюджете даккхийтина хилла. Ма-дарра аьлча, юьртан кхеташонехь дийцарш дIадаьхьна а ца хилла... Читать дальше...

ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а Москвахь ун даьллачийн терахь цӀеххьашха охьадаьлла

Radiomarsho.com 

Москвахь яхначу буса а, дийнахь а 3 505 коронавирусан ун даьлла стаг къаьстина, Охан-беттан 30-чу дийнера схьа иза тоьлла гайтам бу аьлла, тоьшалла до эпидемица къийсам латтон Iалашонца вошахтоьхначу оперативан штабо. Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана ун даьллачийн терахь Москвахь 24 сахьтехь 5-6 эзар хуьлура. Иштта, яхначу буса Оьрсийчохь кхин а 9 200 стагаца COVID-19 вирус къаьстина 83 регионехь, шайлахь аннекси йинаГIирма а йолуш. Эпидеми юкъаяьлчхьана пачхьалкхехь ун даьллера 272 эзар стагана. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь COVID-19: велла 3, ун даьлла 504 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу хаамашца Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех кхелхина кхо дархо, ун къаьстина кхин а 504 стагаца, яздо "Кавказ.Реалиис". Оперативан штабан информацица, Къилба ХIирийчохь велла шиъ, Кхарачойн Чергазийчохь цхьаъ. Эпидеми яьржичхьана, COVID-19 вирусах Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг 155 ву. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь - 92: Краснодаран кIоштахь +92 (2510 ву эпидеми юкъаяьлчхьана) Дагестанехь +88 (3280) Къилба ХIирийчохь+73 (2016) ГIебарта-Балкхаройчохь+71... Читать дальше...

Бунт гIаттийначу Гуьмсерчу дарбан цIийнан реаниматолог балхара дIаваьлла

Radiomarsho.com 

Гуьмсан кIоштан дарбан цIийнан коьртачу лоьрана дуьхьал бунт гIатторна бехке ву аьлла Борчашвили Заур балхара сецна бохуш, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Иза дIаваьккхина хир ву аьлла, тешна бу цуьнан белхан накъостий. Шайн хиллачу куьйгалхочуьнга, коронавирусан ун даьллачу нахана дарба дан лоьрашна мел оьшу гIирс охьабилла аьлла, тIедожо деза вай бохуш, мессенджерехула аудио яхьийтинчу лоьро-реаниматолого Борчашвилис меттахбаьхна хилла дарбан хIусаман белхахой. Де хьалха Борчашвилин белхан накъосташа... Читать дальше...

Фейсбукехь материалаш зорбане яхарна гIуда хьарчийна "Мемориалан" офисах

Radiomarsho.com 

Фейсбукехь публикацеш зорбане яхарна гIуда тоьхна "Мемориална" "Роскомнадзоран" протокол Москварчу кхело юха листинчул тIаьхьа. Бакъонашларъяран "Мемориал" центрна юха а тIехь диссина 300 эзар сом гIуда. ГIалгIайчуьрчу офисан центро информаци зорбане йоккхуш, шаьш "арахьара агент" хилар билгал ца даккхарна бехке озийнера уьш. Маршо Радионо яздира, "Арахьарчу агентех" долу низам тIехтесна цара аьлла, бакъонашларъяран "Мемориал" центрна 300 эзар сом гIуда тоьхна Москварчу Тверскойн кхело аьлла. Цо тIечIагIдарца... Читать дальше...

Карантинан раж шен-шен муьрехь лагIъян йолош ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь коронавирусаца доьзна хIиттийна бехкамаш шен-шен муьрехь лагIбеш, регион изоляцера йоккхуш омрана куьйгъяздина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо "Новости" агенталло. Кхаа этапехь план тIечIагIйина Кадыровс аьлла, дIахьедина пIераскан суьйранна "Грозный" телехьожийло. Хьалхо дIахьединера мехкан куьйгалхочо, Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь махкахь болхбан юьйлалур ю нехан хьашташка хьовсу кегий фирманаш аьлла. "Кадыров Рамзана изоляцин режимера довлучу документана куьйгъяздина. Читать дальше...

"Настоящее Время" телеканалан ши журналист велла некъан бохамехь

Radiomarsho.com 

"Настоящее Время" телеканалан "Евзаш йоцу Беларусь" (Неизвестная Беларусь) документалан проектан тобанера ши декъашхо Михайловский Владимир а, Гавриленко Максим а велла Гомелера Минске вогIучу заманчохь некъан бохамехь. Режиссер Земцова Любовь чолхечу хьолехь реанимацехь ю. Журналистийн машенах кхетта дуьхьал йогIу автомобил. "Iамеркан Аз" радиостанцица юкъахь "Настоящее Время" телеканал лелочу Свобода Радион медиакорпорацин президенто Флай Джеймис дIахьедина: "ХIара уггар а ирча хаам бу". "И къона кинематографисташ Iаламат корматалле... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Увидит ли Париж Мирру из России? Андреева дает жару в Мадриде и включается в олимпийскую гонку






"Известия": в России ипотечное кредитование рухнуло на 40% из-за мер ЦБ

Raiffeisen начнет уход из России

Сито для озёр, речной «пылесос» и ещё 3 технологии, которые помогают бороться с загрязнением воды

Блинкена подвело плохое знание истории Китая