Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2020

Новости за 21.05.2020

Прессера: Кадыров сихонца Москва кхачийна, коронавирус кхеттачух тера ду

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан куьйгалхо, коронавирус хьакхаелла хиларх йолчу шеконца Москварчу цхьана клинике виллина, хаам бо Lenta.ru портало, Телеграмерчу Baza канална тIе а тевжаш. Официалехь йоцчу информацица, пехийн цамгар кхетта Кадыровна. Нохчийчоьнан куьйгалхо дарбан хIусаме кхачийна хилар "Интерфаксе" бакъдина Москварчу лоьрийн гонашкахь. "Кадыровца коронавирус хуьлучух тера ду, медикийн тергонехь ву иза", аьлла агенталлица къамел хиллачо. Официалехь я бакъдеш а, я харцдеш а дац даьржинарг. Читать дальше...

Нохчийчохь кхин цхьа лор а велла коронавирусах

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу 4-чу дарбан хIусамехь кхелхина Гуьмсерчу кIоштан дрбан хIусаман анастезиологин а, реанимацин а декъан куьйгалхо Жабраилов Бек-Хан. Иза а, цуьнан кхин цхьа белхан накъост, Гуьмсерчу дарбан хIусаман травматологин декъан коьрта лор Алиев Хьамзат а бутт хьалха кхачийнера лоьрашна тIе, ший вуьйзира хIо лучу аппаратах. Алиев Хьамзат велира Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь. Хьалхо баьржинчу хаамо бахарехь, велла Нохчийчоьнан орцан медицинан коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан. Читать дальше...

Шайн къоманна Кавказан тIамо бина эшам дагалоцуш бу дуьне ма-дду  баьржина беха чергазий

Radiomarsho.com 

2020-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь 156 шо кхаьчна бIе шо сов лаьттина Кавказан тIом чекхбаьлла. Дерриг а дуьнентIехула баьржина беха чергазий бу и къаьхьа де билгалдоккхуш. Интернет-майданашкахь флешмобаш дIахьош бу адыгаш (чергазий) – хIораммо а, халкъанна хилла эшам дагалоцуш, хьалаойу аьрру куьг. "Тхан ГIебарта-Балкхаройчохь кегийнехан организацин цхьа жима дакъа ду арадаьлла, Тезетан де билгалдоккхуш, интернетехула флешмоб а ю дIахьош, историн хиламаш бовзуьйту видеош а яржайо оха"... Читать дальше...

Туркойчоьно дарба дан чубуьтур бу кхечу мехкийн бахархой, амма керлачу низамашца 

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан могушалла Iалашъяран министралло хаам бина, карарчу беттан 20-чохь дуьйна шайн пачхьалкхерачу доларчу клиникаша 31 махкара бахархой дарба дан тIеэца болор бу аьлла, яздо гIиргIизойн Азаттык Радионо. Билгалъяьхну пачхьалкхашлахь ю ГIиргIизойчоь а. Амма хууш дац лоьрийн дарба оьшу гIиргIизой пачхьалкхан квоташца маца кхочур бу Туркойчу. Туркойн могушллин министралло хIоттийначу тептарехь ГIиргIизойчоь йоцург а ю - Оьрсийчоь а, Казахстан а. Оцу юкъанна, официалан Хонкарас билгальдьккхина... Читать дальше...

Стаг велча вовшашка Zoom программехула кадамаш бо бусалбанаша

Radiomarsho.com 

Америкехь пандеми яьржинчу хенахь, гергарнаш кхалхаран бала лайна ца Iаш, бусалба нах дог Iийжаш бу белларш дино ма боху дIаберзо шайн аьтто ца хиларна. Цхьайолчу штаташкахь Zoom программах пайда а оьцуш дIахьо цара вовшашка кадамаш бар.

Нохчийчохь 92 лоьранна кхетта COVID-19

Radiomarsho.com 

"Грозный" телеканалехула Нохчийчоьнан могашаллин министран гIовса Гадаев Iалама хаам бина, махкахь коронавирус хьакхаелла 92 медиках, аьлла. Цо бахарехь, оцу лоьрех дукхахберш, то а белла, шайн белхашкахь бохку. Амма Гадаевс ца хаийтира, маса царех дарбан хIусамашкахь Iуьллу, мел дукха бу белларш. Хьалхо баьржинчу хаамца, мехкан орцан медицинан коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан велла. Парламентан спикера Даудов Мохьмада дийцира, республикерчу цхьана дарбан хIусамехь берах йолу медик елла, аьлла.

13 стаг велла, кхин а 516 вахархо цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь велла пхи стаг, Къилбаседа ХIирийчохь – виъ, Ставропол-махкахь - шиъ, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Ун даьржичхьана цунах велларг ву регионехь 190 стаг. Уггаре дукха бу дийнахь-буса цомгуш хилларш Дагестанехь - 103: Дагестан +103 (3 746 эпидеми яьржичхьана схьа) Краснодар-мохк +91 (2 974) Къилбаседа ХIирийчоь +73 (2 387) Ставропол-мохк +69 (1728) ГIебарта-Балкхаройчоь +68 (2 020) ГIалгIайчоь +43 (1 648)... Читать дальше...

Шайн студенташна "проблемаш йохур ю" шаьш аьлла Нохчийн университетан хьехархоша

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь цхьана шайн профессорах лаьцна мемаш ехкинчу студенташна "проблемаш хуьлуьйтур ю" шаьш, аьлла Нохчийн университетан масех хьехархочо. Дерриг а доладелла, дешаран тест кхочуш ян луш йолу хан (цхьана жоьпанна – ах минот) шайна кIезиг ю, аьлла, студенташ леткъича, проректора Ярычев Насруддис деллачу жоьпа тIера. Тест кхочуш ян елла хан дуккха а ю, "цхьана секундехь, статистико бахарехь, дуьнентIехь ялх зуда ле", аьлла профессора. Ярычевс аьллачух беламе суьрташ дахка буьйлабелла машанашкахь студенташ. Читать дальше...

Соьлж-ГIала: базар а, мехаш а

Radiomarsho.com 

Ерриш яцахь а, цхьайолу базарш болх беш ю Нохчийчохь. Мехаш а бу кху халачу муьрехь эцархойх мелла а къинхетам беш. Ша-ша хьалхалеррачу мехашца йо базар, бохура зударша. Шайн меттигех долахоша цкъачунна, коронавирус лелачу муьрехь, ахча доккхуш дацаро мах лахбина дохка а таро ло рицкъ, дуьйцу цара. Йохкархошна резаболуш карийра Маршо Радион корреспондентана базара баьхкина эцархой а.

ДАIИШан лидер лаьцна шаьш, боху Иракъан ницкъаша

Radiomarsho.com 

Террорхойн «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан куьйгалхо лаьцна шаьш, даржийна Иракъан иччархойн буьйранчаша, хаам бо “Ал-Iарабийа” телеканало. Лерринчу ницкъаша бахарехь, Американ эскаро стохка гурахь ДАIИШан лидер Ал-БагIдади Абу Бакр вийначул тIаьхьа цунах бисинчу меттехь хилла лаьцнарг.  “Исламан пачхьалкхо” шен хаамашкахь лидеран йоху цIе ю Абу ИбрахIим Ал-ХIашими Ал-Къураши. Вашингтонна хетарехь, оцу цIарна тIехьа лечкъина ву организаци кхоьллинчех а, цуьнан идеологех а волу Амир Мохьаммад Iабдел Рахьман ал-Мавлйа... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса