Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 18.11.2020

Протестан акце нах кхайкхарна гIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад лаьцна Магасехь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан полицино республикан коьртачу шахьарахь Магасехь оппозиционер Хазбиев Мохьмад лаьцна низамехь йоцчу акцешка нах кхайкхарна. Ша Хазбиевс Кавказ.Реалиин корреспонденте бинчу хаамца, Iуьйрана экстремизманна дуьхьалоечу центрера баьхкинчу белхахоша шайн цIийне дIавигина иза, цигара кхачийна полице. Административан кодесера низам дохор бехке диллина цунна. Амма Хазбиевс ца дина дареш, шена Конституцин 5I-чу декъо луш йолчу бакъонна тIе а тевжина. Яхначу сарахь Хазбиевс видео-кхайкхам... Читать дальше...

Киркоров венза ваьлла, экс-президент ларвийр ву, ткъа Тепсуркаевх дерг Страсбургехь ду

Radiomarsho.com 

Вайначу жигархочун Тепсуркаев Салманах долу дов кхаьчна Европан кхеле; Киркоров ХIинжа-ГIала веъча иза вен кечлуш хилла аьлла, набахте хьажийна виъ стаг; Оьрсийчохь президент лаьттинчуьнга даиманенна сенаторалла далар къобалдина депутаташа

"Къиза боьхалла ю лелош". Дагестанан социалан машанашкарчу шантажех

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу юкъараллан жигархоша къийсам болийна, социалан машанашкахь админаша зудаберашца ден харц йозанаш зорбане а дохуш, цул тIаьхьа цаьрца лелочу шантажна дуьхьал. Яздо цунах лаьцна Кавказ.Реалиино. "ВКонтактерчу" иштачу цхьана тобане язвелла вара 40 эзар стаг, юкъараллехь резонансе гIуллакх иккхинчул тIаьхьа дIакъевлира группа. Делахь а, кхийнолу иттаннашкахь тобанаш шайн болх дIахьош ю хIинца а. Дуккха а меттигаш нисбелла, оцу тобанаша Iорадаьхна суьрташ бахьана долуш, гергарчара шайн доьзалшна етташ. Читать дальше...

ХIунда арабоху нохчий Европера

Radiomarsho.com 

Францехь хьехархо вийначул тIахьа цIеххьана телхина цхьаболчу нохчийн мухIажарийн хьал: уьш цIехьа хьежо мегаш бу. Нохчийчуьра схьабевллачу нахана депортаци яран бахьанаш къастош Кавказ.Реалии сайтан корреспонденто къамел дира нохчийн диаспоран цхьаболчу векалшца.

Оьрсийчохь президент лаьттинчуьнга валлалц сенаторалла далар къобалдина депутаташа

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь президент Iийначуьнга цуьнан оьмар чекхъяллалц сенаторан дарж дала магадо Федерацин кхеташо кхолларх лаьцна Пачхьалкхан Думехь тIеоьцуш долчу низамо. Конституцица карлаяккхарца доьзна президента Думе хьажийначу документан лорах бина и сацам. Проекто бахарехь, сенаторан статус караоьцуш президента ша дарж дитале 3 бутт хьалха чудала деза оьшу документаш. Экс-президентан кхерамзалла чIагIъеш долу низам а ду Думехь дийцаредеш. "Хийцамаша билгалдохур ю федералан низамо президент лаьттинчун дахар Iалашдан кхачош долу хьелаш... Читать дальше...

Киркоров ХIинжа-ГIала веъча иза вен кечлуш хилла аьлла, набахте хьажийна виъ стаг

Radiomarsho.com 

Къилберчу тIеман кхело (Ростов) бехкевина Казуев Хидирнеби, Халдузов ГIабибулла, Ибрагимова Самир, Магомедов Шемал ХIинжа-ГIала вогIучу Киркоровн концертехь эккхийтар дан кечамбина хиларна. 10-19 шераш кхайкхийна царна набахтин луьрачу хьолехь такха. Талламан версица, 2017-чу шеран Товбеца-беттан 6-чу дийнахь ХIинжа-ГIаларчу "Хазар" ресторанехь Оьрсийчоьнан артистан Киркоров Филиппан концертехь куьйга йина бомба эккхийта бохкуш хилла кегийнах. Амма ха чIогIа хиларна аьтто ца баьлла церан концерте кхача. Читать дальше...

"Хьо цхьаъ ю-кх бандит". Шен бераш юхадерзон гIертачу Нохчийчуьрчу зудчунна йиттина полицехь

Radiomarsho.com 

Пхеа беран нанас, 40 шо долчу Нохчийчуьрчу Гажаева Асета дIахьедина Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь шена йиттина аьлла. Берийн доладарх къасточу юкъанна полицино тIекхайкхинера иза. Ницкъаллийн структурашна ша берашца еха адрес дала ца хIуттура Асет, шен хилла цIийнда тIаьхьакхиарна кхоьруш, тIаккха цо бераш дIадохур ду шегара аьлла, хеташ. Оцу тIехула полисхоша кхерамаш а туьйсуш, ницкъбинера цунна. Гажаеван цIийнда, 53 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо Льянов Мурад кхелехь тоьлуш дирзира гIуллакх. Читать дальше...

Вайначу жигархочух Тепсуркаевх долу арз кхаьчна Европан кхеле

Radiomarsho.com 

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело листа тIеэцна нохчийн жигархо, Телеграмерчу 1АДАТ пабликан модератор Тепсуркаев Салман варах долу арз. Оцу хьокъехь хаам бо "Кавказский Узел" газето. Бакъоларъярхоша Оьрсийчоь декхарейо Тепсуркаев лаха а, иза мукъаваккха а, цунна кхерамзалла кхачо а. Юьхьанца Европан кхело т1е ца ийцира арз, амма масех дед даьлча, шен сацам юха а баьккхина, листа магийна. Оьрсийчоьне хеттарш хьовсийна кхело: юй пачхьалкхан урхаллаш жигархо вадийначу нахаца, хIоттийний цунна т1ехь Iазап? Читать дальше...

ТIаьххьарчу 12 сахьтан коьрта керланаш – доцца

Radiomarsho.com 

Байден: Трампа, шен эшамна къера ца хуьлуш, новкъарло йо COVID-19 цамгарца къийса Харжамашкахь президент хаьржинчу Байден Джос дIахьедина, шенний, къовсамехь эшча дарж дита туьгуш воцчу Трамп Доналданний агIонаш къийсалуш Iачу юкъанна кхуьуш лаьтта коронавирусо ден зенаш, аьлла. II миллион ун кхетта стаг ву Американ Штатийн бахархошлахь, белла пандемин мур лаьтташ 250 эзар гергга нах.       Талламан комитет шен имидж зен 3,6 миллион сом дайъа дагахь хилла 3,5 миллион соьман тендор... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Выпечка и подарки к Пасхе: куличи, панеттоне и подарочные наборы в Москве и Санкт-Петербурге

Умные хозяйки красят яйца на Пасху так: 6 секретов, о которых вы не знали — соседки будут завидовать

Лидеров выборки вторичного сырья определили на КПО Подмосковья

Блогер Блиновская попросит суд признать себя банкротом