Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 19.11.2020

Обама Баракан книга санна дукха дIаэцна яц цхьана а президентан мемуараш

Radiomarsho.com 

Зорбане яьхна де-буьйса далале дIаэцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хиллачу Обама Барака язйина мемуараш – 900 эзар книга, яздо Британерчу The Guardian газето. Иза рекорд ю президент Iийначун книга сиха а, дукха а дIойокаяларца. Клинтон Биллан "Сан дахар" книгин 400 эзар экземпляр йоьхкина хилла араяьллачу дийнахь, Буш Джорджан "Сацам тIеоьцу хан" мемуарех 200 эзар книга бен ца йоьхкина араевллачу 24 сахьта чохь. Amazon а, Barnes & Noble а цIе йолчу интернет-сервисаша юхкучу... Читать дальше...

Политикан тутмакхаш, керла премьер-министр, адвокатна -гIуда

Radiomarsho.com 

Лецна кхобу хан яхйина гIалгIайн протестан лидершна. Кхел йолор ю карара бутт бовш; Дагестанан премьер-министран дарж делла Амиранов Iабдулпатахье; Нальчикерчу шен коллегийн агIолоцуш пикете ваьллачу адвокатна гIуда тоьхна Москвахь

YouTube, Facebook, Twitter дIакъовларх долчу низаман проект кхаьчна Пачхьалкхан Думе

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу цхьаболчу хаамийн гIирсийн контент хьовсархошна тIекхача йоьхкуш хуьлу YouTube, Facebook, Twitter дIакъовла бакъо яларх лаьцна низаман проект чуелла депутатийн тобано тахана. Проекто магадо маршонан кепаш, дешан паргIато талхош хилар Оьрсийчоьнан инарла прокуратуро а, цуьнца цхьаьна арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Роскомнадзоро а Iорадаьккхина информацин ресурс дIакъовла. Проект чулуш депутаташа шаьш яздинчу кехатехь боху: "20-зза сов хааелла дискриминаци" еш Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсашна Раша Тудей... Читать дальше...

Хурманаш лахьоро пайда бохьу Иракъерчу зударшна

Radiomarsho.com 

ХIора шарахь лахьош йолу хурманаш схьалахьйинчул тIаьхьа, Иракъерчу Кербела гIалин йистехь, жимачу фирмехь хурманаш яьшканашна чунисъеш болх беш ю, иза боцург, кхин рицкъ тIедан меттиг боцу 100 сов зуда.

Лецна кхобу хан яхйина гIалгIайн протестан лидершна. Кхел йолор ю карара бутт бовш

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь лаьттинчу протестан боламан 7 жигархочунна лаьцна латто магийна хан дIаяхйина Кисловодскерчу кхело. Бакъоларъечу "Мемориал" центро бечу хаамца, юьхьанцара ладегIарш долош ду кхело.  Жоьпе балийнарш дукха хиларна Кисловодскехь дIахьойла дац кхел, иза Ессентукехь хир ю. Хьалхара белхан де ду кхелан кху беттан 24-чохь. Дов хоттур ду Барахоев Ахьмадна, Мальсагов Мусана, Нальгиев ИсмаьIална, Саутиева Зарифина, Ужахов Малсагна, Хаутиев Бахьавдинна, Чемурзиев Барахна тIехь. 2019 шеран... Читать дальше...

"Шен гергара нах меца ца бита хьийза иза". Кадыровс шен цIийнах мел верг хьаькам вахийтина

Radiomarsho.com 

Мехкан куьйгаллехь хийцамаш бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен гергара нах даржашкахь дIатарбина. Дуьххьара дац регионехь оцу тайпа принцип лела. Коьртаниг – цуьнан цIийнах хилар ду, профессионализм а, белхан зеделларг а, дукхачу хьелашкахь, лоруш а дац. Гергарлонийн зIенаш Нохчийчоьнан министрийн кабинетан а, мехкан куьйгалхочун администрацин а кхеташонехь дийцаредира даржашка нах хIитторах. Вице-премьеран а, юьртабахаман министран а даржехь чIагIвира Кадыров Рамзана шен йишин кIант Закриев ИбрахIим. Читать дальше...

Нальчикерчу шен коллегийн агIолоцуш пикете ваьллачу адвокатна гIуда тоьхна Москвахь

Radiomarsho.com 

Москварчу Басманан кхело кхаарин дийнахь 10 000 сом гIуда тоьхна цхьалха пикет хIотторна адвокатна Берман Данилна. Иза протестан акце ваьллера ГIебарта-Балкхаройчохь Iедална дуьхьалоярна бехктакхаме ийзийначу адвокатийн Ципинова Дианин а, Жилоков Ратмиран а агIолоцуш. Юкъараллин барамехь низам а дохош дакъалацарна олу административан жоьпалле озийна Берман. Цо харцо лору шеца йинарг, лерина ву, эшахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхаччалц а, аьрзнаш дIасахьийсо. Пхи бутт хьалха лецира... Читать дальше...

Дагестанан премьер-министран дарж делла Амиранов Iабдулпатахье

Radiomarsho.com 

Дагестанан Iедалехь куьйгалхочун гIовс лаьттинчу Амиранов Iабдулпатахьна ханна тешийна премьер-министран дарж, хаам бо"Интерфаксо". Мордовин куьйгалхочун дарж Волков Владимира дитар къобалдина президента Путин Владимира, цуьнан метта ханна хIоттийна Дагестанехь премьер-министр Iийна Здунов Артем. Бутт хьалха Дагестанан куьйгалхочун дарж дитина Васильев Владимира. Цуьнан бахьана могашалла эшарца дозу аьлла ду яздина Кремлан сайта тIехь. Оьрсийчоьнан президентан омрица ханна, харжамаш хиллалц... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса коронавирусах 25 стаг велла, цомгуш хилла кхин а 1039

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 25 пациент. Цомгуш хилла цунах кхин а 1039 вахархо, боху Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо. 9 стаг кхелхина Дагестанерчу дарбан х1усамашкахь, Краснодар0махкахь велла 6 стаг, Ставропол-махкахь – 5, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а –цхьацца. Верриг а уьнах Къилбаседа Кавказехь велларг лору 3404 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь-буса а, пандемин ерриг а хенахь а цомгуш хилла: • Ставропол-мохк... Читать дальше...

ТIаьххьарчу 12 сахьтан коьрта керланаш – доцца

Radiomarsho.com 

Федерацин Кхеташоно магийна Путинна Карабахе эскарш хьовсо. Ткъа уьш цигахь долу-м кIира а ду Ломан Карабахерчу конфликтан зонехь латто эскарш хьовсо магийна Оьрсифчоьнан Федерацин Кхеташоно президентана Путин Владимирна кхаарин дийнахь. Конституцино президент декхарево Оьрсийчоьнан эскарш дозанал арахь латто эшар Федерацин Кхеташонца дийцаре дан а, цуьнгара пурба даккха а. Кхеташоно хIинцца бен и хаттар листина дацахь а, шайца герзаш а, техника а йолуш, машарбаран тIеман контингент Путина Карабахе дIахьажийна ду кIира ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Увидит ли Париж Мирру из России? Андреева дает жару в Мадриде и включается в олимпийскую гонку






Соглашение о сельскохозяйственных землях подписали в Подмосковье

Помешала оппозиция? Парламент Эстонии пока не принял заявление против Русской Православной Церкви

На подмосковных КПО «Нева» и «Восток» определили лидеров выборки вторсырья за неделю

Лебедеву ответили на слова о никчемности журналистов