Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 18.05.2021

Вен кхерам тесна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Инстаграмерчу шен онлайн-эфирехь къамел дечу юкъанна, шега «шайтIа» ду аьлла яздинарг, лаха а лехна, вуьйр ву ша, аьлла Кадыров Рамзана. Мила ву и стаг хууш дац. Цуьнан аккаунт къевлина ю хIинца. ДIаяьккхина "ВКонтакте" чуьра ник . Ткъа бух теллича хаалург ду иза ХIинжа-ГIалара 16 шо долу вахархо хилар.

"Мадбеллачу стоьмах тарвина". Кавказхойн бакъонаш эшайо набахтешкахь

Radiomarsho.com 

"Меркурьева Карина Охан-беттан юккъехь Нохчийчуьра волчу тутмакхо Дахтаев Iалбека дийцира, Владимир-махкарчу Т-2 набахте хьажийначунна деш хуьлучу таIзарех, хьоьгуьйтучу къизаллах лаьцна. Новкъаваккхале цунна хаийтира набахтийн урхаллин белхахоша иза цига "кагван"вуьгуш вуйла. Шозза а ца витира цунна тIе адвокат. "Суна иза таIзар дечу изоляторехь вуйла хааррий бен, кхин хIума дац цунах хууш. Цунна шена а ца хаьа ша цига – ШИЗО - стенна хьажийна. Цхьа а комисси а ца кхоьллина, шегара даьлла цхьа а вониг дац... Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу "репрессийн дарцах" лаьцна кехат хьажийна Европан Кхеташоне

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташо – Оьрсийчоь  цIе йолчу Гражданийн форуман векалша юха а дIахьедина Москвано Европан Кхеташонан декъашхо хуьлуш шена тIелаьцна декхарш кхочуш дан дезаш хиларх лаьцна. Оцунах дуьйцуш ду форуман декъашхоша Европан Кхеташонан министрийн комитете хьажийначу зорбан гIирсашкахула дIасадаржийначу кехата тIехь, хаам бо Радио Свободано,  "Немцойн тулгIе" зорбан гIирсана тIе а тевжаш. Оцу комитетехь гIантда ю Германи стохка Лахьан-баттахь дуьйна. Европан Кхеташонан гурашкахь Оьрсийчоьно буьззинчу... Читать дальше...

Кадыровс кхетийна Нурмагомедов Хьабиб "UFС-н" проект ю ша алар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, ийначу кепехь латаран чемпионатан хилла латархо Нурмагомедов Хьабиб UFC-н проект ю аларца ша сийсаз ца винера иза аьлла. Цунах лаьцна дийцина цо Стагалкъекъа-беттан 17-хь инстаграмехь шен онлайн эфирехь. Цул хьалха Кадыровс латийта веза аьллера Нурмагомедов а, Нохчийчуьра схьаваьлла спортхо Чимаев Хьамзат а. "Проект боху дош цхьа а сийсазвен дош дац, иза бохург ду юкъараллина стаг карийна пайденна хир волу, хьовсархойн тIе тидам гIур болу… Тхо зIенехь ду Хьабибца... Читать дальше...

Францино юхаван дихкина Нохчийчохь вайначу Гадаевна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь карош воцучу Гадаев Мохьмадана ша ваьхначу къилба-малхбузерчу Лакхара Вена департаментан Лимож гIала юхаван дихкина Францин Пачхьалкхан Кхеташоно, хаам бо Кавказ.Реалиино. Францин Iедалш шеко йолуш ду иза "исламистийн боламца" уьйраш йолуш хила мега аьлла, адвокаташа цунна даймахкахь ваха кхераме ду бахахь а. Францин кхелан административан гIуллакхашкахула лаккхара инстанци йолчу Пачхьалкхан Кхеташоно чIагIдарехь, Оьрсийчохь Гадаевна кхерам хиларан тоьшаллаш дац. Оцу юкъана, Гадаевн... Читать дальше...

Итернетехула шена "шайтIа" аьлларг вен чIагIойина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, кара а вина, "хIаллаквийр ву" ша хьалхо социалан машанехь ша хIоттийначу поста бухахь маьттаза комметарий йитинарг, аьлла, чIагIойина. ЦIе йоккхуш яц Кадыровс ша оьгIазвахийтинчун. "Хьо адам дац, хьо шайтIа ду", - доьшу йоза "ЧП Чечня" инстаграм-паблике Стигалкъекъа-беттан 17-чохь Кадыровс "Ас дукха шайтIанаш дайъина, хьо а дуьйр ду", - боху Кадыровс. Охан-бутт боьрзуш Соьлжа-ГIалахь кхеланна бух ца карийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал дов айдан ца туьгучу талламчина таIзар дан. Читать дальше...

Туркойчу Мангал-баттана билеташ дохкар сацийна "Аэрофлото"

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан "Аэрофлот" авиакомпанино Мангал-бутт чекхбаллалц аьлла сацийна Туркойчу ечу рейсашна билеташ дохкар, коронавирусца къийсам латторан оперативан штабо бакъо елла йолу кIиранах ши рейс а йитина. Цунах лаьцнахаам бо Радио Свободано, ТАСС агествона тIе а тевжаш. "Аэрофлотан" официалан векло Демин Михаила дIахьедина, Мангал-баттахь хир йолчу рейсашна билеташ дохкар сацийна, "некъахошна цатемаш ца хилийта, и кеманаш ца лела мегаш хиларна". Цхьа де хьалха цхьамогIа зорбан гIирсаша хаам бира... Читать дальше...

Джо Байдена йовзийтина шен йолан деклараци

Radiomarsho.com 

Американ президента а, вице-президента а йовзийтина шаьшшинна 2020-н йолан декларацеш.  Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена а, цуьнан хIусамнанас Джилл Байдена а стохка даьккхина 607 сов эзар доллар. Американ вице-президента Харрис Камалас а, цуьнан хIусамдас Эмхофф Дага а – 1 миллион 700 эзар гергга доллар. Президентана а, цуьнан зудчунна тIедеъна рицкъ ду пенсийн фондера схьаделла ахча а, кхоалгIа дакъа ду цаьршинан долахь йолчу компанеш беана пайда а, цу юкъахь ю книгех а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Титул, которым я горжусь больше всего»: Рублёв одолел Оже-Альяссима и выиграл второй турнир серии «Мастерс» в карьере






Выслеживал ее и забежал за ней в подъезд: почему Нагиев заставлял Пугачеву бояться себя?

Неадекватный водитель напал на школьный автобус в Луховицах

«Ответственный и волнительный старт»: юные спортсмены из Нерюнгри готовятся к играм «Дети Азии»

Столичный бизнес нарастил энергопотребление в январе – марте 2024 года на 6,2 процента