Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 14.10.2021

"Тутмакхашна ницкъ беш гайта видеорегистраторш лора тхоьга". Иркутскерчу №1 изоляторехь лелларг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь Иркутскерчу №1 талламан изоляторехь чубоьхкина Iийначех массех стаг карийна Сибирь.Реалиин журналисташна. Цара бакъдо оцу изоляторехь бIеннаш божарий хьийзош а, уьш "стен беш" а хилла хилар. Иркутскера СИЗО-1 тутмакхаш "боршаллах боху" а, царна къизалла гойту а меттиг ю, цигахь тутмакхашка шайгга шайн накъосташна тIехь гIело йойту, аьлла хаам баржийра хьалхо бакъонаш ларъен Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира. Цо бовзийта болийна Саратовн, Владимиран, Иркутскан... Читать дальше...

UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата шена къинтIера ваьккхина экс-чемпион Нурмагомедов Хьабиб

Radiomarsho.com 

UFC- чемпионатан экс-чемпионан Нурмагомедов Хьабибан менеджера Абдель-Азиз Iелас дийцарехь, UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата шена бехк ца биллар дехна Нурмагомедовна ша "оха иза а ватIор ву, нагахь цунна лаахь" аларна, хаам бо Кавказ.Реалиино. "Хьамзат а, Хьабиб а, со а тхо вежарий ду, тхо бусалбанаш ду. Амма со кхин Хьамзатаца болх беш ца хилар хIумма а дац, суна хьалха санна дукха веза иза, ас гIортор йо цунна, иза дика кIант ву. Цо шена бехк цабиллар дехна иза хиллачул тIаьхьа кхо бутт баьлча, хилларг гIалат дара аьлла. Читать дальше...

Меттан говзанча Кадиев: нохчийн мотт схьагулбан безаш бу

Radiomarsho.com 

Кадиев Руслан дуккха а шерашкахь школехь хьехархо болх бина нохчийн меттан говзанча ву. Ненан меттан шира дешнаш ца дайта уьш лахьош, царна тIехь болх беш а ву иза. Ши эзар ах эзар герга нохчийн дошамашна тIехь доцу шира дешнаш гулдан аьтта баьлла шен, бохуш дуьйцу Кадиевс

ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх долийна Толаман де вочу агIор хьахорна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу 32 шо долчу вахархочунна дуьхьал. Цьнан ц1е йоккхуш яц. Оцу стагана бехке дуьллуш ду "хаамийн-телекомуникацийн машанех, шайна юкъахь интернет а йолуш, пайда а оьцуш нацизмна реабилитаци яр". "Талламехь болчу хаамца, 2021-чу шеран Товбеца-беттан 12-хь шеконевиллинчу стага интернетехь дIахIоьттийна хааман материал. Цу тIехь цо вочу агIор яздина 1941-1945 шерашкахь хиллачу Сийлахь Даймехкан тIамехь толам баьккхина де даздарх лаьцна... Читать дальше...

Норвегехь 5 стаг вийна 37 шо долчу Данин махкахочо. Шинна чевнаш йина

Radiomarsho.com 

Норвегехь Конгсберг гIалахь вевзаш воцучу стага секха Iодаца чIунаш диттина нахана кхаарийн сарахь. Полицино тIаьххьара бинчу хаамца, пхи стаг вийна, шиъ чевнаш йина ву, хаам бо Свобода Радионо. ТIелатар динарг лаьцна. Болчу хаамца иза ву 37 шо долу Данин махкахо. Кхин оцу стагах дуьйцуш хIумма а дац. Норвегин полицино  аьлла Кунсбергехь дина тIелатар теракт ю.  Полицин векалша дийцарехь, лаьцнарг жоьпаш луш ву, шега луш долчу хаттаршна, амма цо даре ца дина цкъачунна ша бехке хилар. ВВС-н хаамца... Читать дальше...

Москвано хьахийна Тбилисе, Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а дозанашкара эскарш дIадаха дезар аьлла

Radiomarsho.com 

Москванохьахийна Тбилисе, Гуьржийчоьнан Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а долчу дозанашкахь "демилитаризацин (эскарш дIадаьхна) процесс йоло езара,  цул тIехь дозанаш къастош демаркаци а еш" аьлла. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду еарин дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло Дуьненаюкъара кхерамазаллехула а, хьал тийна латторехула а долчу Женеверчу дийцарийн 54-гIа мур дIабирзинчул тIаьхьа бинчу хаамехь.   Оьрсийчоьно кхетадо ша кховдийнарг "регионехь кхерамазалла чIагIъян Iалашо йолуш" хилар. Читать дальше...

Эшамаш а, толамаш а. Дукаев Аслан – Оьрсийчоьнах а, Къилба Кавказах а

Radiomarsho.com 

ДIадахначу шеран гурахь шена чуьра хьал кхехкаш лаьттина Къилба Кавказ дIайовш ю керлачу хаамийн могIаршкара, амма дукха хан йоццуш иккхинчу шина хиламо юха а дагдаийтира вайна и мохк сингаттамех маьршабала гена буйла - хаа деза, цигахь цкъачунна вай кхоччуш кхетийна а боцу вуно баккхий хийцамаш дIабоьлхуш хилар.  Саакашвили Михаил Гуьжийчу юхавахаро а, иза цигахь лацаро а, кестта цунна тIехь кхел ян тарлуш хиларо а гойту оцу пачхьалкхах хиндерг къастош болу къовсам марсабала гIертийла. Гуьржийчоьно... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде 






МакSим — о Трусовой: какой характер у этой девочки!

Мизулина заявила, что флаг России на концерте Hofmannita был лишним

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен

Mash: Hofmannita бросила телефон в лицо поклоннице на концерте в Москве