Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 25.10.2021

"Путинан карахь Iедал дисаро талхош лаьтта хьал": Хилл Фиона – шина президентах лаьцна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь доьхначу хьоле кхочуш ю. Герга гIерта 2024 шо, ткъа хIинца а дац кхеташ, дагахь ву я вац Путин Владимир президентан даржехь виса. Цунна тIе юкъараллин тидам берзабо Оьрсийчоьнца долчу гIуллакхашкахула КIайчу ЦIийнехь хьехамча льттинчу Хилл Фионас, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Трамп Дональдан администрацехь 2,5 шарахь болхбинчу Хилл Фионина цхьаьнайогIу аматаш го шен хьаькам лаьтинчунций, Путин Владимирций. Британехь йина Хилл, тIаьхьо хилла цунах Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн яхархо. Читать дальше...

Нахана йиттинчу полихочунна тоьхна хан хийцина, иза арахь а вуьтуш

Radiomarsho.com 

Ростовн махкахь Белокалитвинск гIалан кхело шолгIа листина ППС взводан хиллачу командиран Колбасин Николайн гIуллакх. Иза бехке веш вара схьалаьцначу нахана полицин декъехь еттарна. 3-нна тIера 10 шаре кхаччалц хан тоха мегаш яра цунна, зуламаш дарна. Амма хиллачу полисхочун аьтто баьлла баккъалла а набахтехь якхха хан тухучу метта, арахь а волуш, билламен хан кхайкхаяйта. Колбасина цхьана беттан чохь, Охан-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц, пхоьазза йиттина административан гIуллакхашкахула полицин декъе балийначу нахана. Читать дальше...

Моцартан а, Димаевн а мукъамаш Соьлжа-ГIаларчу урамашкахь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь ехаш йолу Джабраилова Нона 15-шо долу къона музыкант ю. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу филармонехь, симфонин оркестрехь болх беш ю иза. 5 шо долуш дуьйна Iад хьокху пондар Iамо дIаеллера иза дас-нанас. Магомаев Муслиман цIарахчу корматаллин къоман мукъамийн школехь дешна цо. 10 шо ду Нонас Iад хьокху пондар лоькху. Шен мокъа хан хилча, Соьлжа-ГIаларчу проспекте йолу иза, урамашкахь лелачу нахана шен похIма гайта. ТIейогIучу хенахь кхиаме пондарча хила лууш ю йоI

Ресторанаш а, клубаш а буьйсанна дIачIагIа омра делла Путина  

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дехкар тIедожийна регионин куьгалхоша буьйсанна (сарахь 23.00 даьлча Iуьйранна 6 даллалц) ресторанаша а, самукъадоккхучу меттиагаша а болх бар. Цул сов, губернатошна хьехар дина COVID-19-на дуьхьал вакцина тоьхна боцучу 60 шарал сов хан йолчу бахархошна смоизоляци юкъаяккхар, цхьана баттана уьш цIеран болх бечу роже а бохуш. Президента динчу хьехарийн тептар ГIадужу-беттан 20-хь зорбане даьккхина Кремлан сайта тIехь. Динчух лаьцна хьалхара хаам дIабахьийта... Читать дальше...

Федералан бюджетера ахча эцарехь 4-чу меттехь ю Нохчийчоь кхушарахь

Radiomarsho.com 

Дагестан 2021-чу шарахь хьалхарчу метте яьлла дотацеш лучу регионашна юкъахь Оьрсийчоьнан федералан бюджетера ахча эцаран тептарехь. Республикана бюджетаца кхачо ярхьамма федералан бюджетера цунна лур ду 72,9 миллиард сом. Хьалхарчу кхаа регионна юкъахь ю Якути а (51,6 миллиард сом), Камчаткин мохк а (41,1 миллиард сом). ЙоьалгIачу метехь ю Нохчийчоь. Цнну дала планехь ду 33,5 миллиард сом, хаам бо "Кавказский узел". Дотацеш яларехула йолчу регионийн лидершна юкъахь бу Ставрополан мохк а - 24,3 миллиард сом. Читать дальше...

Шишани Муслим тIамца юхатоха кечлуш ву "Хьайат Тахьрира аш-Шам" тоба

Radiomarsho.com 

Шемарчу Идлибехь куптоьхна волу нохчийн джихIадхойн тIемалойн командир Шишани Муслим (Маргошвили Мурад) кечлуш ву шена тIелата мегаш йолу меттигера тIемалойн тоба тIамца юхатоха. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто юкъатоьхна ву иза террорхойн тептарна. Шишани вен везаш хиларх лаьцна къамелаш даржийнера дукха хан йоццуш "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобанан куьйгалло (Оьрсийчохь терроран вовшахтохаралла лаьрра ю иза), дийцина OGN TV YouTube каналан автора Iабдул-Керим Билала. Шемарчу... Читать дальше...

"Ток еттара". Дагестанерчу журналистаца цхьаьна изоляторехь латтийначунна йина гIело

Radiomarsho.com 

Къилберчу тIеман гонан кхело 18 шо хан тоьхна Дагестанерчу вахархочунна Кадилов Шемална. Царех 5 шо токхур ду цо набахтехь. Иза бехкевина тIеман гIера кхолларна а, ДАIИШ-ан декъашхо хиларна а, герз лелорна а, ницкъаллин урхаллерчу белахочунна тIе куьг дахьарна а. Юьхьанца бехканна тоьшалле хIиттинарш юхабевлла шаьш динчу дарех, уьш шайгара ницкъаша даьхна аьлла. Ткъа ша Кадиловс дуккхаза а аьрзнаш дина шена йинчу гIелонийн хьокъехь. "Лаьий – мохь хьекха" Кадиловн бехктакхаман гIуллакхах лаьцна... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA предвкушает дуэль Елена Рыбакина — Юлия Путинцева на турнире в Мадриде






МЧС: склад с пластиковыми трубами загорелся в Раменском

Уголовное дело против известного российского политолога Михаила Александрова является фальсификацией бакинского режима

Папа прокурор, который отмажет? На историческую родину вместе с папой! Навсегда!

Ударивший ножом экс-супругу мужчина задержан в Люберцах