Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

ЗаьIапхой уггаре дукха болу къам ду нохчий

0
Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь Нохчийчоь ю бахархошлахь уггаре доккха дакъа (14%) заьIап долуш. Махкарчу 1,5 миллион бахархойх 211 660 ву заьIапхо (жима а, воккха а), хаамбо Медуза портало.


Оццу хьостано гайтарехь, махкарчу кегийрхошлахь 12 % бу заьIапхой.


Оццул дукха нах айпе болчу Нохчийчохь лелачу транспортах ах процент а яц заьIапхошна чуховша, баха-баьхка аьтто беш.


Оьрсийчоьнан мехкашлахь хьалхаяьлла Нохчийчоь заьIапхойн терахь сиха дузарца а – стохка республикерчу хIора итт эзар вахархочух 83-нна делла лоьраша заьIапхочун тоьшалла.


Редакцино тидаме дуьллу, "Meduza" портало Нохчийчохь ши тIом лаьттина хилар шен талламехь хьахош а цахилар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса